ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан президенто МИД-на тIедиллина Ичкерин суверенитетан хаттар


Ичкерин байракх
Ичкерин байракх

Украинан президенто Зеленский Владимира официалехь тергойина, 25 эзар куьйг гулдина Ичкерин суверенитет къобалъярх петицин. Низамехь оццул кхаж вовшахкхеттехь пачхьалкхан куьйгалхо хьажа декхаре ву цуьнга.

Президентан интернет-векалтан электронан петицийн порталехь зорбане даьккхина жоп. Цу тIехь Зеленский тIетевжина Лакхарчу Радехь Нохчийчоь ханна оккупаци йина мохк хилар тIечIагIдеш, "нохчийн къоман геноцид" емалдеш тIеэцначу сацамна, цо карладаьккхина, Украинан Конституцица а догIуш, арахьара пачхьалкхаш къобалъяр перзидентан бакъо ю аьлла. Иштта билгалдоккху деллачу жоьпехь, пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллан а компетенци арахьара пачхьалкхаш тIеэцар а, цаьрца дипломатин юкъаметтигаш нисъяр а.

Зеленскийс тIедиллина МИД-на, петици тIехь хьахийна хаттар компетенцин гурашкахь листар а, цуьнца доьзна хетарг шега схьакхачор а.

  • Денош хьалха къобалъязчу Нохчийн республикан Ичкериян арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада тIедожийра Украинана, Дагестанан суверенитет тIелаца аьлла. Пачхьалкхан субъекташ дIакъасторах дийцарш дарна Оьрсийчохь бехкзуламан жоьпалла ду тIедожош.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Кхаж теснера 287 депутато.
  • ГIадужу-беттан 19-чохь Украинан президенте Нохчийн Ичкерия руспубликин суверенитет тIеэцар доьхуш, хьажийначу петицино 25 эзар кхаж гулбинера. Марсхьокху-беттан 15-чохь пачхьалкхан президентан интернет векалтан официалан сайте хIоттийнера петици, цуьнан автор вара украинхойн политик, журналист Гармаш Сергей.
  • Хьалхо ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан гуламехь охан-беттан 5-чохь вистхуьлуш Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, Оьрсийчоьно "халкъан а, динан а башхалла" хIаллакъеш дIахьочу политико дIайоху "шина континентера иттанашкахь сов къаьмнийн паргIато, шайна ма-хетта даха йолу бакъо".
  • ТIаьххьарчу беттанашкахь Украинан территори Iалашйо иштта нохчийн лаамхойн батальонаша а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна тIе ца эцначу Ичкерин агIончаш а бу. Стигалкъекъа-баттахь Киеверчу политикашца цхьаьнакхийтира Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр Закаев Ахьмад, ткъа Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс юкъадаьккхира чергазашна динарг геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалдар. Оцу юкъанна президентан Зеленскийн офисо массарна а хезаш реакци йина яцара юкъахь къахьегарх. Карточкашка хьаьжча, ший а низаман проект хIинца а листина яц комитеташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG