ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан СБУ: Зеленский вуьйр ву аьлла дош делла Кадыровс Путинна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинан къоман кхерамзаллин Кхеташонан урхалхочо Данилов Алексейс ма-дарра дийцина, Украинан президент Зеленский Владимир вен Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iалашонех. Ницкъахойн хаамашца, Чиллан-беттан 3-чохь Кадыровн а, Путинан а хиллачу цхьанакхетарехь дийцина цунах лаьцна.

"Оцу цхьанакхетарехь план йийцаре йина тхан президент вен, Кадыровс и декхар шена тIелаьцна хиллера, шен тобано дийр ду аьлла. Оцу процессашна тIехь терго латтийра тхан иччархоша", - дийцина Даниловс Охан-беттан 21-чохь НВ радион эфирехь.

Украина Iалашъечу шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхина, СНБО-н а, украинхойн иччархойн а хаамех ца теша бух бац шен аьлла.

"Цул совнах, кадыровхой бу бохучу наха кIезиг зуламаш ца дина Украинан бахархошна а, пачхьалкхана а дуьхьал. Амма Украинан президент дуккхаъчу тешамечу корматаллин сервисаша ларвеш ву, ткъа Кадыровс шена хила луург баккъала а долуш санна дуьйцу. Тхуна дага а ца догIу, масазза чIагIо йира цо, ерриг гоне ерзийна Мариуполь схьаяккха", - билгалдаьккхина Осмаевс.

Шен къамелехь Данилов Алексейс иштта къастийна, Зеленский Владимир вен эскархойн кхо тоба хьажийна хиллар, Чиллан-беттан 26-чохь Украине баьхкинчех

Цхьа отряд Донецкан кIоштахь ю, важа – Мариуполехь, амма уьш хьалхарчу могIаршкахь богIуш бац, кхозлагIчу-йоьалгIачу эшелонашкахь бу кхерамзаллехь, билгалдоккху спикеро. Иштта цо тIетоьхна, кадыровхойн цхьа тоба хIаллакйина хилар, шиннан къайлаяла аьтто баларх а.

  • Зазадокху-беттан 4-чуьра дуьйна Кадыровс 26-зза дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полкан дакъоша а, Росгвардино а блокадехь латтош йолу украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Гуьмс гIалара Украинерчу тIаме новкъаяьлла рогIера "шайн лаамехь" болчийн тоба. Цигахь йолчу Оьрсийчоьнан спецназан университетан базехь Iаморашкахула чекхбевлла уьш аьлла "Грозный" пачхьалкхан телеканалан репортажехь.
  • Охан-беттан 21-ра - тIеман 57-гIа де ду. Оьрсийчоьнан агIонна Мариуполехь "леррина дийцарийн раунд" дIаяхьар хьехна Украино – йохийначу гIалара украинхойн эскархой а, маьрша бахархой а, лазийнарш а арабахархьама. Оьрсийчоьнан интеллигенцино дехар дина керстан марха достучу юкъанна мукъна а тIемаш совцабе аьлла. Оьрсийчоьнан мехкадаьттех дIахаьдар ю Германи хIара шо чекхдалале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG