ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Украинана гIо дарна а, Нохчийчуьра вежарий байъарна а" кхерамаш баржийна Австрехь


Австри, Вена
Австри, Вена

Венерчу а, Австрин Санкт- Пёльтен, Грац гIаланашкарчу кхелашка а, Венерчу жуьгтийн юкъаралле а, Венан муниципалан департаменте а, школанийн куьйгалхошка а кехатаг кхаьчна, "Украинана гIо дарна бекхам бийриг" хиларх, "Нохчийчуьра тхан вежарий бу аш бойуш" аьлла, бехкаш дохкуш. Боллу кхерамаш харц хиллера.

Терроризмах гIуллакх листар Грацерчу кхелехь бен дац, хаамбо австрихойн Der Standard хьостано. Билгалдоккху, антисемистийн алараш дара кхерамаш туьйсучу кехаташ тIехь аьлла.

Кхерамаш шуьйра баржийна хиларна, хетиарехь, талламбийр бу Австрин пачхьалкхан кхерамзаллин а, таллархойн а Урхалло.

  • Стигалкъекъа-баттахь къобалъязчу Нохчийчоьнан Ичкерия республикан Австрерчу векалалло юкъараллин организацешца а, украинхойн диаспораца а юкъахь митинг а, суьртийн гайтам а дIабаьхьира, Оьрсийчоьно болийначу тIемашна лерина. Акци хIоттийнера Австри фашизмех мукъайоккхуш Советан заманарчу салташна Шварценбергплац майданахь боьгIначу хIолламна гергахь.
  • Охан-баттахь Австрера нохчийн диаспоран векалш дIакхийтира бахархошлахь болчу, Украинан жигархоша ЦIечу эскаран турпалхошна хIоттийначу хIолламна хьалха дIахьочу акцех. Оьрсийчоь чугIортинчул тIаьхьа Украинехь дайинчу берашна лерина хиллера и барам.
  • Иштта Охан-баттахь "Ичкерия" культурин центран декъашхоша Австрера Украине гIоьнна хьажийра уггар оьшу хIума вовшахтоьхна шина микроавтобусца гуманитаран конвой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG