ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинаца дийцаршна дуьхьало яй, Нохчийчохь санна референдум дIахьо аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан политикашка кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Украинаца дийцарш ма доладе, церан метта "массо а бандерлогаш хIаллакбей", "тхан махкахь санна" референдум дIахьо аьлла.

"Тхан политикаш, политологаш, дийцарш дIахьошберш, ма дийцийша дийцарш дарх. Дийцарш цхьанца дIахьош хуьлу, ткъа цигахь уьш дIадахьа стагга а вац. Тхо, бIахой, дуьхьал ду дийцаршна", - дIахьедина хьаькамо шен телеграмерчу каналера видеохь.

Шаьш "бусулба хетачаьрга орамашца бандеровцаш хIаллакбе" аьлла, кхайкхамбина Кадыровс, цул тIаьхьа ханна декхарш кхочушдан "регионан куьйгалхо" хIоттаве аьлла. Мехкан Iедалхочунна хетарехь, "къоме кхин дIа муха даха лаьа шуна а хаьттина, Украинехь "Нохчийчохь а санна, Iедалан гара вовшахтоха деза".

  • Хьалхо Кадыровс критика йира президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна, тIом болабелча Оьрсийчуьра дIабахнарш ямартхой а, пхоьалгIа колонна а шена ца хета аьлла, дIахьединчул тIаьхьа.
  • Украинерчу тIамехь зарратан герзах пайдаэца цаторийла хиларх элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо: "Соьга хаьттича, ас цкъа дуьххьара Луганск а, Донецк а цIанйийр яра, тIаккха кхин дIа болх болор бара. ДIахьедийр дара, нагахь санна, йолах тIом бан веана Украинехь цхьаъ хилахь, тактикан зарратан тохар дийр дара билгалъяьхначу меттигашка, забарш ца яйта".
  • Хьалхо Кавках.Реалиино талламбира, стенца гIарабевлла бу Оьрсийчохь Кадыровн эскархой – гучудедира, царех дукхахберш Украинехь тIом а балале хьалха дуьйна нах бойуш, царна тIехь къизаллаш лелорца бевзаш хиллийла. Мел лахара а, тIом бечарех шиъ лехамашка велла киллер ву, ворхI юкъара ву Нохчийчуьра дуккха а нахана тIехь гIело латтош, кхел йоцуш нах хIаллакбарна, цхьа эскархо-м вийна лоруш вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG