ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинаца тIом бан берстина а, простатит йолу а "лаамхой" дIаоьцуш бац Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн пачхьалкхан зорбанан гIирсаша дIакхайкхийна, Украинана дуьхьал бечу тIаме баха луурш муьлхачу барамашца къестор болуш бу. Getcontact аппликацин хьесапашца, тIемаш боьлхучу меттиге хьийсорах хаамашкахь билгалъяьккхина телефонан номер лакхарчу хьаштонца лелош ю – иза дIаязйина ю бIе абоненто тайп-тайпанчу цIерашца, яздо Кавказ.Реалиино.

Шайлахь "ТIом", "Гуьмсе" (Оьрсийчоьнан спецназан университет Гуьмсехь ю – Редакцин билгалдаккхар.), "ЧВК", "Украине", "ТIамтIе", "Йолахо", "Zv", "Грозный ЧВК", "z схьаэцар", "Бекхан", "Ичкери", "Чехаш", "Соьлжа-ГIала Оьрсийчоьнан спецназан университет", "Ахмат сила схьаэцар оччамашна дуьхьал", "Соьлжа-ГIалахула Украине контракт", "Лаамхой Ахмат фронте", иштта кхин ерш а.

ЧВК – долара тIеман компанеш ю – Оьрсийчохь официалехь йихкина ю уьш. Зазадокху-беттан чакхенехь пачхьалкхан думе низаман проект кховдийра, церан гIуллакхна легализаци еш. Карарчу заманчохь ЧВК-н леларна тIаьхьабевлла бу Зуламан кодексан "Йолах эцар" олучу Iедалан къепехула.

Леррина "лаамхой" вовшахтоха кхоьллина телеграм-канал, цуьнан контенте хьаьжча, лелош ю Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу тIемалоша. Масала, иттаннашкахь йолчу публикацешлахь еаммо (царех кхоъ – Кадыров Рамзанан репост ю) лелош ду, махкарчу официалан ресурсаша даим пайдаоьцу "Ахмат сила!" алар. Оцу юкъанна спецназан университет каналехь "Оьрсийчоьнан" ю ца боху, "оьрсийн" лору. Цул совнах, цигахь дIахIоттийна ю, православин килсехь Пасха даздечу йолахошца яьккхина видео. Царех цхьаберш гIалгIазакхийн барзакъ доьхна бу.

Каналехь сих-сиха билгалдоккхуш ду, Соьлжа-ГIала ван мегар ду, ширделла а, психикан а лазарш доцург а, дегIан йозалла совъйоцурш а, иштта, дикачу кепехь берш а.

"Шу шина баттана догIуш ду. Нагахь санна, шун эпилепси, грыжа, геморрой, ширъелла простатит елахь – ма гIерталаш схьа. Кхузахь Iамочу куьпахь аш дуккха а хьовзамаш бохур бу, уьш тхан ишта а тоъал бу…ХIокху чолхечу заманахь тхайна проблемаш йинчу нахана мах лойла дац тхан", - аьлла ду Охан-беттан 23-чохь бинчу хаамехь.

"ДегIан дилха совдолчарна а, йа тIех эгIаза болчарна а кхузахь меттиг бац – йоллу тобанан хьовзам бу иза. Когашца, куьйгашца сингаттам болчу, заьIапчу наха а кхузахь дан хIума дац – иза йоллу тобанан хьовзам бу. ГIеметтахIоьттинчу нахана а, вочу кепехь болчу нахана а меттиг бац кхузахь - йоллу тобанна хьовзам хир бу цунах", - юх-юха олу Охан-беттан 26-чохь бинчу хаамехь.

Лаамхой вовшахтухучара дIахоуьйту, билгалбаьхначу барамашца богIуш боцчарна: некъах даьлларг а, хан яккхарна а ахча лур дац.

Кхечарна лун долу хьелаш иштта ду: Соьлжа-ГIала кхаччалц некъах даьлларг а, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь хан яккхарх ахча дIадалар, алапа 205 эзарна тIера 270 эзаре кхаччал хир ду, 50 эзар аванс кара а луш.

"Тхо Соьлжа-ГIаларчу мэрихь ду. КПП-хь дIахаийта хьуо лаамхо вуйла. Хьуна дуьхьал баьхкина, хьо чу вуьгур ву… Тоьллачу тIеман инструкторша Iамор ду шу ворхI дийнахь", - аьлла ду хаамехь.

ТIаьхьо дIаяккхинчу, амма кэшехь йисинчу цхьана постехь билгалдаьккхина а дара: йолахой санна дIаоьцуш бац аьттехьа а: Украинаца доьзна дахар хилларш – нагахь санна, церан цигахь гергарнаш белахь, уьш оцу пачхьалкхан бахархой хиллехь хьалхо ( иза хьакхало Донбассан а, ГIирмин а бахархойх а цхьаьна) йа цигахь бинарш а.

  • Украинаца боьдучу тIеман теми тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша шена пиар ярехь коьртачех бу Нохчийчуьра "лаамхой". Юьхьанца цо дIахьедора, меттигера бахархой кийча бу тIамехь дакъалаца бохуш, тIаьхьо гучуделира, "бехкалабахна" ницкъахой а, Кадыровн критикийн гергарнаш а тIаме ийзош хиларх, кхин а цхьа хан яьлча "лаамхой" леца буьйлабелира ахчанах.
  • Кадыровс дош делира, Украине тIом бан воьдучу хIора "лаамхочунна" 300 эзар сом лур ду аьлла. Кандидаташкара оьшург мел лахара дара хIетахь – "могуш", 50 шаре бовллалц болу божарий бара уьш, тIамехь зеделларг дацахь а мегаш дара.
  • Украинан къайлахчу сервисаша зорбане яьккхинчу видео тIехь йийсаре лаьцначу Нохчийчуьрчу эскархочо дийцира, Украинан дозана тIехь тIамехь дакъалаца шен дуьхьалвала гIортарх а, куьйгалло салташка тIемаш байтарх а.
  • Стигалкъекъа-беттан юьххьехь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Ирасханов Аслана рогIера Украине лаамхой олурш хьовсочу хенахь кхайкхамбира цаьрга, талораш ма леладе аьлла.
  • Нохчийчухула йолчу МВД-н министран гIовсо Ирасханов Аслана дIаязйина хила мегаш йолу аудио арахецна бакъоларъярхоша. Цу тIехь шен куьйгкIел болчарна цо тIедуьллу Украинера цIабаьхкина лаамхой а, Европера цIабирзина нохчий а –Iедална дуьхьал бу аьлла, жимма а шеко хилахь, "шога дIалеца", боху аудио тIерачу озо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG