ТIекхочийла долу линкаш

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас, Радин депутато Геращенко Антона Донбассерчу тIеман операцин декъашхо Окуева Амина ер дузу биъ бутт хьалха цунна а, цуьнан цIийндена, Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонан буьйранчина Осмаев Адамна а динчу тIелатарца.

«Аьхка, Оьрсийчуьра веъна, Адам а, Амина а ден гIоьртира цхьа киллер, амма - лаьцна. Иза ханна чохь кхубуш ву, кхел а хир ю, оьмар кхачаяллалц хан а токхуьйтур ю. ХIетахь, Товбеца-баттахь, киллер ваийттинчара дина хIара зулам», - аьлла цо «112 Украина» телеканале.

Геращенкос бахарехь, верси шиъ ю – «Оьрсийчуьра баьлла лела болам, Украинера политикан хьал эшорхьама, террор яржор, халкъ Iадор. ШолгIа верси – Нохчийчоьнан куьг, иза Кадыров Рамзанна, цуьнан гонна дуьхьалваларна бен бекхам. И ший а верси ю толлуш».

Киеве кхача 30 чаккхарма йолчу Глеваха юьртахула чекхболучу «аьчканекъах Одессе боьду машенан некъ цхьаьнакхетачохь зуламхойх цхьаъ хилла герзца коьллашкахь бухахиина, дехьо Iачу кхечо хьал а довзуьйтуш. …Тешна ву, вайна уьш карор хиларх, лоьцур а бу, белла дIабовллалц набахтехь а латтор бу», - аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас.

Цо дийцарехь, Окуеваца хиллачу Осмаевн ког лазийна. Иза шена гонах хан хилийта лууш вацахь а, ларвеш хир ву Iедало, аьлла Геращенкос.

Маса тоьпан 6 даьндарг кхетта Окуева Аминина коьртах, елла машен лелош вогIучу цIийнден дан гIо а доцуш.

Маршо Радион дуккхаза а хиллера Окуева Аминица къамелаш – юьхьанца, 2013-14 шерашкахь, цо довзуьйтура Путин вен гIоьртина аьлла кхоьллинчу версица Одессехь девне валийначу шен майрачуьнгара хьал.

ТIаьхьо дуьйцура, ша Адамца цхьаьна герз кара а эцна, юкъайоьллачу тIамах а, нохчех-декъашхойх а лоций.

Окуева Аминина, иза Нохчийчохь кIезиг яьхнехь а, гIеххьачул хаьара нохчийн мотт.

Къаьсттина цунах бIаьрг бузориг дара цо ша дуккхаза а шен цIиндена тешаме а, цуьнан дахар Iалашдечохь каде а зуда гайтар.

2013-чу шарахь, Осмаев Адама, лаьцна, Одессехь шена ен йолу кхел ларъеш Iачу муьрехь хилира тхан Аминица къамел. ЦIийнда бехке вацарх а, иза мукъавер хиларх шеко яцара цуьнан.

Окуева: "Тахана Адаман кхел яра, цигахь инзаре харцонаш лела. ХIунда аьлча СБУ-н (Украинан кхерамзаллин хьукматхой) юккъерчу даржашкара чкъор хийца ца делла. Уьш шайн белхан меттагашкахь бу. Цундела и харцо – тешашна тIеIаткъамбар лаьтташ ду.

Оцу хьокъехь кханенна митинг кечъеш ду тхо Киевехь, Лакхарчу Радина хьалха.

Одессехь, ГIирмераниг санна хьал хIоттахь, … кхоьру со, Адамна проблемаш хила тарло, экстрадици ян а мега. Ткъа хьал кхузахь толахь, дерриг а дика хир ду. Делан карахь ду дерриг а. ...Украинехь тIом баларна чIогIа кхоьру Адам, цунна са а гатдо цо".

Осмаев Адам аравелира кхелера, шена тIебаьхьначу бехкех цIан а велла. Украинехь цхьа а статус а йоцуш, ваха цунна торуш дацарна, Аминас сагатдора майрачуьнгарчу хьолах – волуьйтийла дацара иза Нохчийчуьрчу Iедалан кара. Ма-хуьллу хьийзира цIийннана оцу муьрехь а. Украино луш яцахь, Адамна ваха бакъо я гуьржашка, я финнашка еха дагахь дара и шиъ.

Окуева: "Кхузахь, Украинехь, хьал дика дац. Мухьажиран статус ехар ду тхуна тIехь.

Маршо Радио: Гуьржаша жоп дала а деллий шуьга?

-Окуева: "ХIан-хIа, хIумма а ца аьлла, жоп ца делла. Хьовсуш ду шаьш аьлла. ХIинца Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин мухIажиршкахула долчу декъаца дагадовла дохку-кх тхо".

Маршо Радио: Ша Адам гойла хуьлий хьан?

Окуева: "Дукха хан ю ганза. Марсхьокху-баттахь кхелехь дуьххьара гина суна иза".

Маршо Радио: Цунна тIе адвокаташ кхочийтий?

Окуева: "Ца кхочуьйту, иза ю-кх уггаре йоккха проблема. …Лоцучу хенахь чIогIа хьийзийна иза кхузахь. ХIинца-м могашалла дика ю цуьнан".

Ша Амина цIийнда Одессерчу кхеле вало а везаш болабеллачу халкъан гIаттамна юкъаюьйлира. Киевехь, Майданехь, лоьралла леладора цо оьшучарна, цул тIаьхьа язъелира «ОвхIанхойн батальон» олучу гIаттамхойн тобане. Ша а, шен накъосташа а Майданехь хIун лоьху дийцира цо хIетахь, 2014-чу шеран бIаьстенан юьххьехь.

Окуева: "ХIора а стаг шен бIонехь лаьтташ ву. Декхарш ду тайп-тайпана, гIала ларъярехь. Со медик ю, лоьралла леладо ас кхузахь. «ОфхIанхойн бIоне» язъелла. ОфхIанистанехь, Иракъехь хилла нах бу соьца.

ГIирмехь тIом болалахь, цига даха дагахь ду тхо. Герз лур ду боху. Лор хиларе терра, тIаме яха декхаре ма юй со".

...Яц хIинца Амина. Цуьнан кхалхар, шеко яц, даздийраш бу, ца хуьлийла а дац. Амма цара къайлах-къулах иза даздахь а, вуно дукха бу социалан машанашкахь кадамаш бийраш, халчу хIиттинарш. Нохчий а, украинахой хилла а ца Iа уьш – массо а къаьмнийн векалша хIиттайо посташ, язйо кадам беш, Окуева довхачу, лазамечу дешнашца дагалоцу комменташ.

Хьуьнар, доьналла, майралла – и Iаламаташ массара а дуьйцу. Хетарехь, уггаре а билгалдериг дара цуьнца хиллачу Маршо Радион интервьюшкахь иза цIийннана муьлхха а борша стаг хьега мегар долуш тешаме а, майрачух шен са дIалур долуш а хилар. Iожалла а оцу бахьанийца карийна Аминина оццул хеназа.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG