ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Лаьтта бухара тIеман гIирс боькъучийн» къайле


Оьрсийчоьно бахарехь, Донецкан а, Луганскан а «республикашкарчу» сепаратисташна Донбассехь кIора боккхучу оьрнашкахь карийна Украинан эскарца эвсара тIом бан герз. Ткъа жигархоша а, эксперташа а чIагIдо и керлачу заманан герз Донбассе кхачориг Оьрсийчоь ю бохуш.

Украинано шега Оьрсийчоьнна дина арз талла долийна Гаагерчу Дуьненаюкъарчу кхело – цуьнга Киево доьху «Терроризмна финансаш латторах» а, «Расийн дискриминаци дIаяккхарх» а олу конвенцеш Кремло талхош хилар тIечIагIдар.

ГIирмина аннекси ярца а, Донбассерчу сепаратисташна тIекарло латторца а талхийна и конвнеци Оьрсийчоьно, боху официалехь Киево.

Йоьдучу оцу кхелехь хеттаршна жоьпаш делла Оьрсийчоьнан цIарх цуьнан арахьарчу гIуллакхийн министран департаментан директоро Рогачев Ильяс. «Советан зама йоьхча Украинан долахь дисинчу герзах ду Донбассерчу гIаттамхошкара герз. Цунах доккхах дакъа къайладаьхьина латтийна Киево шахташкахь, ткъа Донбассера украинахой бевдича, донбасхойн карадахана», аьлла Рогачевс.

Бакъду, Рогачевс юьйцу меттигаш ю Донбассехь, масала, Донецкна уллерчу Парасковеевка юьртахь. Амма иза, мел тIелетарх а, яккха ца елла сепаратисташка.

Хууш ду, Донбассерчу гIаттамхойн карахь советашкара дисина доцу герз а дуйла. Иза теллина а, дуьненна хаа торуш а ду. Маршо Радион "Донбасс.Реалии" проекто гойту Донбассера Оьрсийчоьнан герзах уггаре керланиг. 5 масал даладо цо.

Т-72Б3 танк: "гучуяьлла" Иловайскехь

2015 шо, Чиллан-беттан 15-гIа де. Дебальцево. Британерчу блогеро, «Новороссе» безам бахначу Филлипс Грэма, дой а ца хууш, ша яьккхинчу видеоца тоьшалла до Оьрсийчоь Украинерчу конфликтан декъахь хиларх. Т-72Б3 танк ю гайтинчу суьртахь. 2015-чу шарахь юкъаяьлла Оьрсийчохь, амма цхьа а ца йоьхкина Украинана.

БПМ-97: Донбассехь а, Шемахь а ю тIемаш беш

2014-чу шеран ГIуран-беттан 30-гIа де. Донбассехь сепаратисташа долийна тIеман Iамораш гойтуш «гучуяьккхина» БПМ-97 News Front агенталло. 2009-чу шарахь арахецна, цхьа а яц Украинана йоьхкина.

БПМ-97
БПМ-97

РЛС «Аистенок» - радиолокацин станци, иза гайтира ОБСЕ-на

2015-чу шеран Дечкен-беттан 15-гIа де. Гинарг ву ОБСЕ-н миссин куьйгалхо Хуг Александр а, цуьнца Донбассе мониторинг ян бахана бакъоларъярхой а.

Чохь лелорхо воцу кема «Форпост»: Водянехь чудаитира иза

2015 шеран Стигалкъекъа-бутт, 21-ра де. Краматорск. Цигахь гайтира Украинан эскархоша шаьш чудаитина и кема. 2012-чу шарахь арахеца долийна. Цхьа а ца доьхкина Украинана.

Зенитан-ракетан гIирс "Панцирь-С1"

2015-гIа шо, Чиллан-беттан 8-гIа де. Луганскехь хоьхкуш хааелла Оборанная урамехула. Цкъа ца йоьхкина Украинана.

XS
SM
MD
LG