ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошкахь "Бук" яра, бохуш, даре до сепаратистийн командиро


Товбеца-беттан 22 чохь ша Рейтер агенталлина еллачу интервьюхь Оьрсашкахьа узуш болчу сепаратистийн командира Ходаковский Александра мукIарло дира, гIаттамхойн карахь "Бук" олу ракетийн комплексаш хилла аьлла. Оцу ракетано чудаийтинера Малайзе доьдуш хилла долу некъахойн кема. Букаш Луганскера кхаьчнера гIаттамхошка, бохуш, дуьйцу шен къамелехь Ходаковскийс. Ма-хаъъара, Оьрсийн Iедалша хIинца а Украина бехке йо Малайзера Боинг 777 чудаийтарна. (Reuters)

XS
SM
MD
LG