ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине шайн лаамехь боьлхучу Нохчийчуьрчу бахархойх видео тIехь боьлхуш зударий хеза


Соьлжа-ГIала, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо
Соьлжа-ГIала, Чиллан-беттан 25-гIа де, 2022 шо

Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша видео яржийна, махкара "шайн лаамехь" Украине боьлхурш новкъабохучуьра яьккхина – ковра новкъайоккхучу зударийн белхарш хеза цу тIехь. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш, царна хьлаха герзашца нах а бу. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Йозуш йоцчу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.

Хетарехь, Зазадокху-беттан 22-чохь яьккхина ю боьлхуш зударий хеза видео. Шайн лаамехь рогIера нах Украине бахарх дIахьедира Кадыровс, шен телеграм-каналехь герзашца а, тIеман техникаца а нах тIехь болу видео хIоттош. Цхьанна тIахь гойту Соьлжа-ГIаларчу ППС-н полкан территори тIера машенаш дIайоьлхуш. Зударий тIехь болу видео дIаязйинчух тера ду схьагарехь, оццу кевнаш хьалха, амма кхечу агIор. Кадыровс аккаунте хIиттийначу видеош тIехь уьш новкъабоху меттигера бахархой гуш бац.

  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
  • Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн жигархошна а, политологашна а хетарехь, Украинерчу тIамах Кадыровс пайдаоьцу шена пиар еш, ткъа Кремло "майра кадыровхойн" васт леладо Киевна психологин тIеIаткъамбеш а, чоьхьара пропаганда лелош а.
  • Зазадокху-беттан 24-гIа- Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийна ткъе иссолгIа де ду. Оцу заманчохь, Iедалхойн а, зорбанан гIирсашкарчу хаамашца а, мел лахара а 199 бIаьхо велла Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбан регионашкара а. Кавказ.Реалина цIерашца бевзарш бу уьш, билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.
  • Кхарачой-Чергазийчохь Зазадокху-беттан 20-чохь ялх зудчо тIайх чекхволу некъ дIакъевлинера Зеленчукская олучу станицехь, Украинаца болийначу тIаме хьовсийна шайн гергарчех хаамаш бар тIедожош. Акцин боллу декъашхой лецнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG