ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине тIом бан воьдучунна 300 эзар сом лур ду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIо йина хIора шен лаамехь Украине тIом бан воьдучунна 300 эзар сом лур ду ша аьлла, хаамбина "Агентство" гIирсо.

Оцу юкъанна, кандидаташкара оьшург кIезиг хIума ду – "могуш" хилар, 50 шаре кхачанза а, эскарехь гIуллакх дина а, тIеман зеделларг а ца хилча а дац хIуммаъ а. Украине хьийсор бу уьш, шайн лаамехь арабевлларш вовшахтухучу, гIалин мэрихь йолчу Соьлжа-ГIаларчу центрехула. Цул тIаьхьа итт дийнахь инструктаж йовзуьйтур ю царна, тIаккха – тIаме бохуьйтур бу. Оцу юкъанна, контракт цаьрца деш дац.

"Агентство" билгалдакхарехь, телеграмехь зорбане яьккхина ю масех видео, цу тIехь гойтуш ду, Соьлжа-ГIалахь "лаамхой" вовшахтухуш хиларх дIахьединчул тIаьхьа, тIаме баха Iалашонца баьхкинарш Iамош. Царах цхьаъ ву – 47 шо долу Тамбов гIалара Татаринцев Юрий. Кхелийн сацамийн базехь болчу хаамашца, стаг верна а, лачкъорна а, герз латторна а хан текхна ву иза.

Зазадокху-беттан юккъехь Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, Соьлжа-ГIалара шайна лаамехь Украине тIаме бахначу хьалхарчу эзара "лаамхочух".

  • Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео яржийна – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна.
  • Зазадокху-беттан 4-чуьра дуьйна Кадыровс 26-зза дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полкан дакъоша а, Росгвардино а блокадехь латтош йолу украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Украинерчу тIамехь зарратан герзах пайдаэца цаторийла хиларх элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо: "Соьга хаьттича, ас цкъа дуьххьара Луганск а, Донецк а цIанйийр яра, тIаккха кхин дIа болх болор бара. ДIахьедийр дара, нагахь санна, йолах тIом бан веана Украинехь цхьаъ хилахь, тактикан зарратан тохар дийр дара билгалъяьхначу меттигашка, забарш ца яйта".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG