ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Иза демагоги яц, ша ма-барра тIом бу»


Эксклюзив. Осмаев Адамца интервью

Аминех эца йогIу чIир ГIирма а, Донбасс а Украине юхаерзорца эца догIу, аьлла хета Осмаев Адамна

Деркач Анвар

«Кавказ.Реалиица» ша динчу къамелехь Украинан эскаршкарчу нохчех лаьттачу Дудаев ЖовхIаран батальонан буьйранчас Осмаев Адама дийцира, муха жоп дала догIу Окуева йийначарна, буй Украинан куьйгаллехь Кадыров Рамзанан агIончаш я бац.

ГIадужу-беттан 30-чу дийнан сарахь, кIело ярца, герз диттина йийна шен лаамехь Украинан эскаршка хIоьттина хилла Окуева Амина. ТIелеттачара чов йина машен лелош вогIучу цуьнан цIийндена Осмаев Адамна а.

- Адам, шайна тIехь тидам бийраш ца хаабелира шуна?

- Тхо ларлуш хила гIертара. Амма берриг а кхерам тIера баккха доьза дан дезаш хьал дара. Аьлча а, довллане а нахана юкъа а ца довлуш. Амина халкъанна евзаш юкъархо яра. Цуьнан къайлайолийла муххале а дацара.

- Аьхка хьуна бина тешнабехк, хьо лазор Украинан полицино толлу а бу пхи бутт. Хьайн цIийннана ер дуьззина толлур ду аьлла хетий хьуна?

- Болх беш бу нах, толлуш ду. Хала ду суна хиндерг ган… Хьалхачул жигара, эвсара, хьал талла болчу лаамца болх бийр бу аьлла-м хета. Таллар кхиамца берзаре сатуьйсу ас.

Кхузахь боьдуш тIом буй кхето деза. Иза демагоги а яц, ямарта ву мостагI, тIом бу боьдуш баккъал а. Дараш а ду. Террористийн тобанаш ю лелаш, юкъ-кара уьш хIаллакьеш го вайна. «Кадыровхой» а бу кхузаша хьийзаш.

- «Кадыровхой» тIекIабой-те Украинан куьйгалло, царна аьтто бечара?

- Ца хета суна ишта ду аьлла. Царех бIаьрг буьзинарш хила а тарло. Оьрсийчоьнал арахьара политикаш, юкъархой шайгахьа баха-м гIерта «кадыровхой». Оцу декъара Украина а дац йоккхийла.

- ХIун бекхам бан догIу Амина йийначарна?

- ГIирма а, Донбасс а юхаерзо еза, тIамехь толам баккха беза. Иза Амина ерна бан боггIу бекхам бу аьлла хета суна. Ткъа иза йийначарна АллахIа, сан шеко яц, ишта а бийр бу шен бекхам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG