ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь байъинчех лаьцна: Нохчийчуьра, Дагестанера, Донера, Волгоградера 11 эскархо


Донецкан кIоштарчу Бахмут гIалахь украинхойн эскарша оьрсийн позицешна тохарш до, 2022-чу шеран лахьан-беттан 20-хь
Донецкан кIоштарчу Бахмут гIалахь украинхойн эскарша оьрсийн позицешна тохарш до, 2022-чу шеран лахьан-беттан 20-хь

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIамехь байъинчу кхин а 11 эскархочух лаьцна девзина: Ростовн махкара пхи стаг, Волгоградан кIоштера кхоъ, Дагестанера шиъ, Нохчийчуьра цхьаъ а.

Гуьмсехь вехаш, тIеман декхарш дIахьош хилла волчу Нохчийчуьрчу 34 шо долчу Закаев Саидах лаьцна социалан машанашкара хиира, гIадужу-беттан 31-хь иза вийна бохуш дуьйцу. Украинхойн "Миротворец" сайтехь бахарехь, 2014-чу шарахь Донецкан кIоштахь тIеман декхаршкахь дакъалаьцна Закаевс – йетта и йиттина, "эхье бIогIамна" тIе дIайихкина йолу зуда Закаевх терчу стага хьийзош сурт арахецна цара, хетарехь, Украинехьа хиларна лелийна цунна тIехь и.

Дагестанерчу Рутульскан кIоштарчу вийначу шина вахархочух лаьцна йаздо Кавказский узело, меттигерчу администрацина тIе а тевжаш – Цахур эвлара Ахмедов Ренат , Цудик йуьртара Салихов Рафик а ву вуьйцург. Кхин хаамаш ца бевза.

Ростовн мехкан Сальскан кIоштан администрацино меттигерчу вахархочун 38 шо долчу Кортиашвили Русланан кхалхарх лаьцна дийцина. Хаамехь йуха а леладо "шен лаамехь тIеман декхарш кхочушдан вигина" боху дешнаш, мобилизаци йолоран президентан омрана тIе а тевжаш. Donday гIирсан хаамашца, Кортиашвилис Украинина чугIортарехь дакъалаьцнера лаамхочун статусехь гIадужу-беттан 5-хь дуьйна, тIехьажориг хилла иза. "Къилбаседа Кавказерчу тIеман тийсдаларийн ветеран" лору Кортиашвили.

Ростовн махкарчу кхин а цхьаннан статус къаьсташ йац – Тарасовскан эвларчу райцентран 29 шо долчу вахархочун Белоножко Дмитрийн. 161.ru сайтехь цунна мобилизаци йинера бохуш дуьйцу. Амма зорбано цитата йеш йолчу видео тIехь цо боху: "тIекхойкху кехат схьа а эцна, военкомате веара со". Donday хьосто цунах лаамхо олу.

Мариуполехь гIадужу-беттан 27-хь тохарш дича чов а йина, Азоверчу контрактхочун 23 шо долчу Некрасов Александран валарх лаьцна дуьйцу Donday хьосто, иштта Семикаракорскера лахьан-беттан 10-хь Донецкан кIоштахь чевнах веллачу 22 шо долчу Борисов Виталийх а, Ростовн махкарчу Донецк гIалара 30 шо долчу Кузьмин Александрах лаьцна а. Лаамхочун кепехь дакъалоцура Кузьмин Александро Украинерчу тIамехь, лахьан-беттан 2-хь йира цунна чов.

Волгоградан махкарчу Палассовскан кIоштара Эльтон эвларчу вахархочун Тлепов Амангельдын валарх лаьцна хиира беллачийн гергарчарна совгIаташ даларан барамехь, дуьйцу V1.ru гIирсо. Таллархо, сапер вара Тлепов Новочеркесскехь куп тоьхначу 150-чу мотострелкован дивизин лерринчу тобанехь.

ГIирсо иштта дуьйцу Волгоградехь белхан декхарш дIахьош хиллачу Амурскан кIоштера 34 шо долу майор Задворнов Евгений дIаволларх лаьцна. Мотострелкован батальонан буьйранча вара Задворнов, хьалхо Оьрсийчоьно Шемахь бинчу тIамехь дакъалаьцна цо.

Цул сов, Камышинехь 23 шо долчу еврейтор Карпушов Денис дIавоьллина.

Къилбера а, Къилбаседа Кавказера бахархойх Украинехь вийначу 1614 стеган цIерш йевза карарчу хенахь Кавказ.Реалиина. Зорбанашкарчу хаамашкара, Iедалан дIахьедаршкара, бакъоларйархошкара а, редакцин хьостанашкара схьаэцна хаамаш бу уьш. Баккъала а долу эшамаш кхин а сов хила мега.

  • "Оьрсийн Би-би-си сервисо" а, "Медиазоно" а динчу зерашца, лахьан-беттан 18-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 9011 оьрсийн эскархочух лаьцна хиина. "Би-би-си-н" зерашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь беллачийн цIерш 40-60% кIезга хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар. Мангал-беттан 6-чохь "Городские порталы Shkulev Media Holding" машанаша вовшахтоьхна беллачех тептарера хаамаш пачхьалкхан къайленна юкъара бу, уьш баржорна бехктакхаман жоьпалла тIедожадо, нагахь санна, уьш йиллинчу хьасташкара схьаэцнехь а аьлла, тIечIагIдира Калининградехь кхело. Цул тIаьхьа цхьа могIа регионалан хаамийн гIирсаша, хьалхо шайн тептарш хIитточара, дIадехира уьш.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • Лахьан-беттан 22-гIа де – Украинерчу тIеман 272-гIа де ду. Оьрсийн шинара дийнахь агIоно Херсонна динчу тохаро кхоъ меттигерра маьрша вахархо вийна. Луганскан, Донецкан кIошташкахь къиза летарш ду дIахьош, украинхойн агIоно дIахьедо, оьрсийн тIелетарш йухатуху бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG