ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь байъинчех: Оьрсийчоьнан Къилбера, Къилбаседа Кавказера а 32 эскархо


Бахмут, Украинан Донецкан кIошт, 2022-чу шеран гIуран-беттан 21-хь
Бахмут, Украинан Донецкан кIошт, 2022-чу шеран гIуран-беттан 21-хь

Украинерчу тIамехь байъинчу Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин 32 эскархочух лаьцна девзина: Ростован махкара бархI стаг, Дагестанера, Краснодаран махкара пхиппа, Волгоградан махкара виъ, Ставрополан кIоштера кхоъ, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIалмакхойчуьра, Астраханан махкара шишша, ГIебарта-Балкхаройчуьра цхьаъ а.

Ростован махкара Чертково райцентрера 35 шо долчу Федченко Егоран кхалхарх лаьцна хаам "ВКонтактерчу" официалехь йоцучу агIонехь арахийцира. ШолгIачу Нохчийчуьрчу тIамехь дакъа лаьцна Федческос, бохуш дуьйцу.

Азован кIоштера Торопцов Дмитрий верах лаьцна хиира кIоштан администрацин куьйгалхочо цуьнан гергарчу наханна совгIат делча. Херсонан кIоштан Благодатовка эвлахь вийра Торопцов мангал-беттан 31-хь.

Donday зорбано хаамбо, Ростован махкарчу Донецк гIалахь хьалхо "ЧВК Вагнеро" йолахо санна тIаме вигина хилла волу 49 шо долу тутмакх Новойдарский Сергей дIаволларх. Украинерчу Артемовск гIалахь (хIинца Бахмут цIе йу цуьнан) вина ву Новойдарский, амма оьрсийн гражданалла йара цуьнан, Ростован махкарчу цхьайолчу колонехь хан токхуш хиллера и. Вийначу денца дуьстича – лахьан-беттан 13-хь – Бахмутана гергахь вийна хила тарло и.

Шахтера 23 шо долу контрактхо Литовченко Ярослав а вийна лахьан-беттан 13-хь.

Меттигерчу администрацина тIе а тевжаш, "Кавказский узел" зорбано йаздо Дубовскан кIоштера кхелхинчу веаннах. Уьш бу:

  • лейтенант Векшин Денис, 30 шо, марсхьокху-беттан 17-хь вийна;
  • ефрейтор Басов Геннадий, 27 шо, охан-беттан 9-хь вийна; хьалхо Оьрсийчоьно Шемахь беш болчу тIамехь дакъа лаьцна цо;
  • Месечко Никита, 21 шо, гIадужу-беттан 1-хь вийна;
  • сержант Ткаченко Дмитрий, 24 шо, механик-машенлелорхо, марсхьокху-беттан 30-хь вийна.

Дагестанерчу Каспийск гIалара сержант Нуралиев Чингиз верах лаьцна хиира гIалин администрацин телеграм-каналера цуьнан гергарчу наханна совгIат далар гойтучу постера; совгIат даларан омра лахьан-беттан 5-чу дийнахь арахецна ду. Байъинчу Каспийскан кхинболчу бахархойн суьрташ гойту арахецначу видео тIехь, царлахь ву Турланов Руслан; цунах лаьцна хаамаш Кавказ.Реалиигахь хьалхо бацара.

Махачкалара лаамхочун кепехь Украинерчу тIамехь дакъа лоцуш хиллачу Магомедов Шемалан а, лейтенантан Абдурахманов Исламан а кхалхарех лаьцна дийцира шен телеграм-каналехь Махачкалан мэран декхарш кхочушдеш волчо.

Республикан Табасаранан кIоштерачу администрацино дийцина, Хивскан кIонтан Ляхли эвлара капитан Мислимов Мислим верах лаьцна. 35 шо долу Мислимов шена куп тоьхначу (Ставрополан махкарчу) Буденновскехь тIеман декхарш дIахьуш вара авиацин 368-чу полкехь, вийра иза гезгмашин-беттан 26-хь.

Краснодаран махкан Горячий Ключ гIалара Штылун Василийн кхалхарх лаьцна хаам арахецна гIаларчу официалехь йоцучу "ВКонтактерчу" агIоно. Украинхойн хьасташа дийцарехь, 37 шо долу Штылун "ЧВК Вагнеран" йолахо вара.

"Авторадио Кущевская" агIоно хаамбо, Кущевскан кIоштан Красное кIотарара 36 шо долу Иванов Валерий дIаволларх лаьцна. РогIера салти Иванов мотострелкован батальонан талларан ротехь вара, гIуран-беттан 12-хь вийра и.

Тимашевскера Курников Алексей верах лаьцна хиира гIаларчу администрацин "ВКонтактерчу" агIоне хIоттийначу постера – цуьнан гергарчу наханна совгIат даларх дийцира цара цу тIехь. Тихорецкерчу кIоштера лакхара сержант Наливайко Дмитрий верах лаьцна а хиира кIоштан администрацино арахецначу оцу кепарчу постера.

Украинерчу тIамна пропаганда йеш йолчу Кубанерчу сайте хIоттийра Тбилисин кIоштера Марьинская кIотарарчу Григорьян Арамисан гергарчу наханна администрацин белхахоша совгIат дIадалар гойтуш пост. 19 шо долчу Григорьяна шен белхан декхарш кхочушдора Кантемировскан танкан дивизин 12-чу полкехь, рогIерчу салтичун чин дара цуьнан, вийра иза Харькован кIоштерчу Сулиговка эвлахь гезгмашин-беттан 6-хь.

Волгоградерчу махкара кхелхинчу 10 эскархочун гергарчу наханна совгIаташ дIадаларан барамех лаьцна дуьйцу VI.ru зорбано. Царах Кавказ.Реалиина хьалхо хууш дацара стрелкован ротехь хилла волчу лакхарчу прапорщиках Загорйуко Андрейх а, 20-чу мотострелкован дивизин ша лелачу артиллерин полкехь хилла волчу Волгоградерчу сержантах Чипилян Иванах а.

Ростован махкара Семикаракорскан кIоштан Жуков кIотарахь гIуран-беттан 10-хь 30 шо долу волгоградхо Мамедов Рамиз дIаволлах лаьцна дуьйцу зорбано. Къомах турков-масхетхо ву Мамедов, Гуьмсарчу "Оьрсийн спецназан университет" олучу хьукматехь кечам бина ву и, фронте кхечира СОБР "Ахматан" декъехь пулеметхо санна – цунах лаьцна хаьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь арахецначу видео тIера, цигахь дакъа лаьцна Мамедовс а.

Байъинчу эскархойн декъехь ву 31 шо долу мобилизаци йина хилла волу Горячев Александр, и вийра гIуран-беттан 6-хь.

Ставрополан махкара, Железноводск гIалина йукъайогIучу Иноземцево эвлара Савченко Тимуран кхалхарх лаьцна хиира меттигерчу депутатан "ВКонтактерчу" агIонера. ГIалин думан кхеташонех лаьцна йара пост, цIигахь Савченкон иэсан сий дира, минотехь дист цахиларца.

"ДНР", "ЛНР" олучу меттигийн официалехь йоцучу цхьайолчу пабликехь арахийцира, Кочубеевское райцентрера Деркачев Степан верах лаьцна хаам. 31 шо долу Деркачев сержант вара, вийра иза гIадужу-беттан 6-хь.

Иштта Новоалександровскан кIоштан администрацина тIе а тевжаш, "Кавказкий узел" зорбано дуьйцу Украинехь вийначу лахарчу сержантан Чупаков Николайн гергарчу наханна совгIат даларх.

"ЧП КЧР" телеграм-канало дуьйцу, Кхарачойн-Чергазийчуьра ши эскархо верах лаьцна – Булгаров Назир а, Гочияев Рустам а, царах лаьцна кхин хаамаш ца бевза.

ГIалмакхойчоьнан Целинскан кIоштера ши вахархо верах лаьцна дуьйцу Элистерчу цхьайолчу "ВКонтактерчу" агIоно. Суьрташ тIерачу барзакъца дуьстича, ВДВ-хь хилла волу Олчанов Эрдни, Базыров Артур а ву вуьйцург.

Знаменск гIалара Акболатов Надир верах лаьцна хаамбира Астраханан махкан губернаторо шен телеграмерчу каналехь цуьнан гергарчу наханна совгIат дIакховдорах дуьйцуш; совгIат даларан омра гезгмашин 3-хь арахецна ду.

Украинехь вийначу Камызякан кIоштера Семибурты эвлара 32 шо долчу Джалмуханов Артурах лаьцна дийцира "ВКонтактехь" цуьнан гергарчу наха; карарчу хенахь оцу постанна тIекхочийла дихкина.

ГIебарта-Балкхаройчуьра Майскан кIоштан Котляревская эвлара вахархо Куштаев Владимир верах лаьцна хиира цуьнан гергарчу зудчо "ВКонтактерчу" агIонехь йазйича.

  • Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера кхалхар тIечIагIдинчу 1833 нехан цIерш йевза. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала долу эшамаш официалехь дийциначул а масехазза дукха хила мега.
  • "Оьрсийн Би-би-си сервисо" а, "Медиазоно" а динчу зерашца, лахьан-беттан 25-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 9311 оьрсийн эскархочух лаьцна хиина. "Би-би-си-н" зерашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь беллачийн цIерш 40-60% кIезга хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар. Мангал-беттан 6-чохь "Городские порталы Shkulev Media Holding" машанаша вовшахтоьхна беллачех тептарера хаамаш пачхьалкхан къайленна юкъара бу, уьш баржорна бехктакхаман жоьпалла тIедожадо, нагахь санна, уьш йиллинчу хьасташкара схьаэцнехь а аьлла, тIечIагIдира Калининградехь кхело. Цул тIаьхьа цхьа могIа регионалан хаамийн гIирсаша, хьалхо шайн тептарш хIитточара, дIадехира уьш.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • ГIуран-беттан 22-гIа де – Украинехь тIом боьду 302 де ду. Associated Press зорбанан журналисташна Мариуполехь мел кIезга а 10,3 эзар кешнаш керийна, оьрсий Украине чугIоьртиначул тIаьхьа гучудевлла долу. ХIоранна чохь масех дакъа хила тарло. Ши де хьалха Донецкехь чов йира "Роскосмосан" экс-куьйгалхочунна Рогозин Дмитрийна а, Оьрсийчоьно дIахIоттийна волчу "ДНР" олучун хьалханчана Хоценко Виталийна а. Хьалхо Ставрополан мехкан энергетикан, индустрин а, зIенан а министран даржехь вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG