ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь байинчийн декъий хуьйцучу тептарехь вац Соьлжа-ГIалара эскархо


Харьковн кIоштахь хIаллакйина Оьрсийчоьнан тIеман техника, Товбеца бутт 2022 шо
Харьковн кIоштахь хIаллакйина Оьрсийчоьнан тIеман техника, Товбеца бутт 2022 шо

Украинхойн журналисто, "Ищи своих" телеграм-канал кхоьллинчу Золкин Владимира дIахьедина, Украинехь байинчу эскархойн декъий дIасахийцар лагIдина Оьрсийчоьнан агIоно аьлла. Декъий дIахьо аьлла, цо цIе яьккхинчарлахь ву, - Соьлжа-ГIалара тIемало Борчашвили Мохьмад.

Золкина зорбане яьккхинчу видео тIехь дуьйцу, Борчашвилин дакъа карийна Товбеца-беттан 27-чохь Харьковн агIор йолчу Изюман кIоштара Диброво эвлахь. Цуьнца шеца цхьаьна хилла кехаташ, цу тIерачу хаамашца, Борчашвили – цуьнан фамилица кисто волчух тера ду иза, Гуьржийчуьра Паьнгазан чIожехь вехаш хилла, Соьлжа-ГIаларчу милицехь болх беш хилла ву 2004-чу шарахь, тIеман декъехь дакъалацарна совгIат дина а ву. Вуьйчу хенахь Борчашвили ефрейторан даржехь хилла.

Золкина тергам бо вийначунна тIехь ледара духар хиларх – украинхойн кепехь гIагI диллина жилет санна тIеман барзакъ, могIарерчу бахархойн когахь хуьлу мачаш а, герз чу дуьллу хумпIар а.

  • Дуьххьара декъий дIасахийцина Оьрсийчоьно а, Украино а Мангал-беттан 2-чохь. ХIетахь агIонаша вовшашка дIасаделира 160 дакъа. Цул тIаьхьа Мангал-баттахь кхин а кхозза хийцира: "50/50", "56/56", "35/50". Товбеца-баттахь Запорожьен кIоштахь дIасахийцира декъий "45/45" формулица. Украинан Минреинтеграцин урхалхочо Верещук Иринас дIахьедира, дегаза реза хуьлу Оьрсийчоь декъий дIасахийца, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан юкъаралла цо талхорна кхоьруш.
  • Нохчийчохь официалехь цкъа бен хаамбина бац беллачех лаьцна. Кхин а шозза меттигерчу зорбанашкахь информаци яржийра, беллачул тIаьхьа церан гергарчарна совгIаташ дарх лаьцна. Делахь а, бакъоларъярхоша а, оппозицин блогерша а, Кадыровн критикаша а кес-кеста хаамаш зорбане боху, махкахь дIабухкучу эскархойх, церан цIераш а йохуш, даржаш а, муьлхачу эвлара бу а дуьйцуш, "цигарчу" шайн хьасташна тIетевжина. Кавказ.Реалиина хууш ю Оьрсийчоьнан агIонехь Украинехь тIемашкахь вийначу 124 стеган цIераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG