ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь байинчу Оьрсийчоьнан Къилбера эскархойн терахь бIеннал совдаьлла


Йохийна Оьрсийчоьнан техника

Кхин а ворхI эскархо Украинехь кхалхарх къаьстина Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Ростовн в, Волгоградан а кIошташкахь а. Оьрсийчоьно Украинана тIамца тIелеттачу юкъанна хIаллакхилла бу уьш. Кавказ. Реалиин хаамашца, Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнана Къилбан а бахархошлахь велларг ву мел кIезиг а 104

Регионерчу зорбанан гIирсаша бечу хаамашца, БуьритIера капитан Орчиков Михаил Костромахь дIавоьллина. Цуьнан гергарчу нахе кадам бира кIоштан губернаторо Ситников Сергейс.

Кхарачой-Чергазийчохь мехкан куьйгалхочо Темрезов Рашида хаамбина виъ эскархо верах – Костин Павел а, Гочияев Назар а, Лобачев Тимур а, Брюханов Владислав а. Уьш баларан бахьанех ца хаийтина цо. Дуьххьара дийца даьккхинчех хьалхара байъинарш бу уьш.

Ростов-махкара Усть-Донецкан администрацино дийцина "турпалхо санна" кхелхинчу меттигерчу вахархочух Аброян Александрах, Зазадокху-беттан 3-чохь дуьйна велла ву иза.

Котовскан кIоштан администрацина тIетевжина, Волгоградан кIоштан регионерчу ресурсаша хаамбира 27 шо долу контрактхо Миллер Сергей кхалхарх. Юьртан администрацин куьйгалхочо Павловский Сергейс бахарехь, кхо бер дисина цуьнан.

  • Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоьно тIелатар дира Украинан дозана.
  • Зазадокху-беттан 11-чу дийнахь - кхозлагIа кIира а доладелла Украинехь тIом болийна. Сумскан администрацин куьйгалхочо Живицкий Дмитрийс хаамбира, Зазадокху-беттан 10-чу буса оьрсийн авиацино Сумы, Ахтырка гIаланашкахь бомбанаш еттарх. Беллачех хаамаш къастош бу. Зазадокху-беттан 10-чохь Сумскан кIоштахь кхоъ "баьццара коридор" елла дагахь бара. Масех дей-буьйсий ду Мариуполехь тоькаца а, хица а бала хьоьгу. Кеманашца динчу тохаршца йохийна берийн дарбанан хIусам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG