ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беха Нохчийчуьра бахархой Киевехь дуьхьало латтош бу


Киевна тохарш дар, Украине гIоьртинчу Оьрсийчоьно дIахьош бу тIом, Чиллан-беттан 26-гIа де,2022 шо
Киевна тохарш дар, Украине гIоьртинчу Оьрсийчоьно дIахьош бу тIом, Чиллан-беттан 26-гIа де,2022 шо

Нохчийн ши батальон – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а – дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна дуьхьал Киевехь. Украинехь вехачу жигархочо Бакаев Iелас бахарехь, Къилбаседа Кавказан кхечу къаьмнийн векалш а цхьана кийча бу агрессоршна дуьхьал Украинехьа тIом бан.

Къамел динчо къастийра, шайн лаамехь вовшахкхеттачу батальонийн могIарш жигара дузуш хиларх Чиллан-беттан 24-чохь дуьйна: "Нохчий а, кавказхой а дакъалоцуш бу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал, шаьш бехачу меттигашкахь. Амма проблема ю, могIарчу бахархошка герз луш цахилар. Со кийча ву тIамехь дакъалаца, конфликт лаьттачу меттигашкара нах арабаха а, амма цкъачунна герз ца ло. Оьрсийн хаамийн гIирсаша харцдерг дуьйцу, Киевехь массарна а герз дIасадоькъуш ду бохуш", - дийцина Кавказ.Реалиига Бакаевс.

Киеверчу диаспоран векало Сидаев Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тIетуьйхира, Киев Iалашъеш гIалгIай а, дагестанхой а бу аьлла. Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал лаьтташ Къилбаседа Кавказера билггал маса стаг ву хууш дац, ца хIоьттира къамел дийриг маса ву аьла – "200-300 стаг" хила тарло элира цо.

Билгалдоккху, хьалхо пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директоро Ахмадов Чингиза дIахьедира, цигахь беха нохчийн диссиденташ Украинерчу Оьрсийчоьнан армина дуьхьал бац аьлла.

  • Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 25 маьрша вахархо, 100 сов ву чевнаш йинарг. Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, 137 эскархо верах а, 316 лазорах а.
  • Маршо Радионо хаамбира, масех эзар Росгвардин эскархо тIеман барзакъца Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждига хьалха дIахIитторах, цул тIаьхьа спецтехника тIехь майданара дIабахарх а.
  • Соьлжа-ГIаларчу коьрта маьждигна хьалха гулвина Нохчийчуьра итт эзар сов Росгвардин эскархо Украине хьажош вац. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиига регионера бакъоларъяран органашкарчу хьосто.
  • Украине чугIортарна дуьхьал акцеш хIиттийра йоллу Оьрсийчохь. Доккхачу декъанна Ростов-ГIалахь Краснодарехь, Пятигорскехь, иштта къилбан кхечу гIаланашкхаь а. Краснодарехь хиллачу акцехь лецира 50 стаг, Вогоградехь – 15 сов. Ростовхь пхи вахархо лаьцга витира, админстративан гIуллакхца, кхин а цхьана жигархочунна гIуда туьйхира. Краснодарехь кхин а шина жигархочунна 20 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG