ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех хаамаш: кхин а 31 эскархо ву Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а


Донецкан кIоштара Лиман гIалахь дохийна цIа, 2023-чу шеран дечкен-беттан 21-ра
Донецкан кIоштара Лиман гIалахь дохийна цIа, 2023-чу шеран дечкен-беттан 21-ра

Эту новость можно прочитать на чеченском языке

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а 31 эскархо Украинехь боьдучу тIамехь вийна аьлла, хаамм хилла: 10 стаг Нохчийчуьра ву, пхиъ Дагестанера, виъ-виъ Къилбаседа ХIирийчуьра а, Ростовн, Волгоградан а кIошташкара ву, шишша Ставропол-махкара а, Краснодаран кIоштара а ву.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIаца, махкахь культурин министран даржехь йолчу Кадырова Iайшатца йоьзначу "Дика де" гIоьналлин акцин телеграм-канало хаийтина Украинехь вийначу Нохчийчуьра кхин а итт эскархочун берашна совгIаташ дарх. Уьш бу:

  • Бисинаев Висади – полицин лакхара сержант, Нохчийчуьра Росгвардин декъашхо хилла ву
  • Висарханов Рамзан Вахабович – лакхара сержант, машенлелорхо-талламхо, "Юг" батальонера вара
  • Гайтемиров Аслан Махматович – полицин лакхара сержант, "Ахмат-1" ОМОН-хь хилла ву
  • Даутмерзаев Увайс Мовсарович – полицин лакхара сержант, Нохчийчуьра Росгвардин декъашхо хилла ву
  • Дебизов Муслим Элиевич – Оьрсийчоьнан тIеман министраллин цхьахдолчу декъан структурехь гIуллакх деш вара
  • Диктиров Ильяс Арбиевич – лахара сержант, машенлелорхо-талламхо, "Юг" батальон
  • Мовсаров Хаваж Султанович – лаамхо
  • Османов Ризван Нуридович –"Запад-Ахмат" батальонера
  • Тимурханов Араб Мусаевич – лакхара сержант, кхоссархо, "Юг" батальон
  • Хасуев Ислам Лечаевич – ефрейтор, "Север" батальонера

Хьалхо оцу каналехь хаамбора, вийначу 16 эскархочун доьзалашна совгIаташ декъарх.

Къилбаседа Кавказера Росгвардин урхалло дIахьедира Дагестанехь меморилан аннаш схьаделларх- Кайтагскан кIоштара Гулли эвлахь "Ястреб-Каспий" СОБР-н эскархойн сийнна- полицин подполковникан Джабатиров Джабраилан а, Буйнакскехь полицин лакхара лейтенантан Исмаилов Сабиран а.

Урхаллин публикацешкахь йаздина дац маца, муха кхелхина, ткъа мемориалан аннаш тIера йоза къаьсташ дац. Делахь а марсхьокху-беттан 30-чохь регионалан телеграм-каналаша хаамбира Украинехь пхеанна тIера 15 кхаччалц "Ястреб-Каспий" СОБР-н эскархой кхалхарх.

Хаамашкахь цхьаболчу беллачийн цIераш йаьхнера (фамилеш йоцуш), вара царлахь Сабир, "Вокха Джабраил", "Жима Джабраил", ткъа царех цхьахволчун комментарешкахь Джабатыров Джабраил аьлла цIе йазйинера.

Буйнакскехь барамаш хIитторах лаьцна йаздира иштта гIалин администрацино, Исмаилов Украинехь велла аьлла, хьахош. Хаамца цхьаьна зорбане хIоттийначу видеороликтIехь мемориалан у гойту – цу тIехь вийна де ду билгалдаьккхина – марсхьокху-беттан 29-гIа.

Иштта "АиФ Дагестан" газето хаамбира 32 шо долу мобилизаци йина хилла Бежтинскан Нахада эвлара Рамазанов Арсен кхалхарх, Кумторкалинскан кIоштан администрацина тIетевжина "Кавказский узел" ресурсо хоуьйту Карабудагов Мохьмад валарх лаьцна, ткъа официалехь йоцчу, Украинехь тIом бечарна гIоьналла латточу телеграм-канало хаийтира Казбековскан кIоштара Калининаул юьртара Загиев Iамир валарх.

Къилбаседа ХIирийчуьра "Крылья" хьосто дIакхайкхийра Моздокан кIоштара Терская станицера 25 шо долу Горбунов Александр, Пригородный кIоштара Черменера 45 шо долу Гутиев Сослан, Буьри-ГIалара 21 шо долу Валиев Георгий кхалхарх. Иштта "Новости Осетии" телеграм-канало хаамбира дечкен-беттан 21-чохь 28 шо долу мехкан вахархо Калоев Солтан верах.

Ростовн кIоштара полковник Елизаров Андрей кхалхарх хиира "Дон 24" телеканалан сайтехь, цунах йисинчунна совгIат деш. Хаамбора Елизаров зенитан-ракетийн бригадин командир вара, гурахь велла иза аьлла.

"Придонье" газето йаздинера Цимлянскехь 27 шо долу мобилизаци йина хилла Осляков Михаил дIаволларх, иза вийна хилла дечкен-беттан 16-чохь, ткъа "Таганорожская правда" газето – Таганрогера 20 шо долчу Сеньков Владимиран нанна совгIат дарх. Сеньковх лаьцна хуушдерг, десантийн-штурман бригадехь хиллера иза, вийна Новая Каховкина уллорчу Райское эвлахь товбеца-баттахь.

Цул совнах, Пролетарскера журналисто Заплаткин Леонида хаамбира шен "ВКонтактехь" йолахо, Опенки эвлара вахархо Ермаков Вадим верах лаьцна. Гезгамашин-баттахь "Вагнеран ЧВК" тобана юкъаваханера иза, вийна гIуран-баттахь.

Бахмутана гергахь вийна Волгоградан-махкара Камышинскан кIоштан Лебяжье эвлара лакхара лейтенант Шевелев Юрий дIаволларх лаьцна хаамбира Камышинскера цхьахйолчу "ВКонтактера" паблико.

Киквидзенскан кIоштара Озерки эвлара мобилизаци йина хилла 44 шо долу меттигера вахархо Корнеев Александр кхалхарх лаьцна йаздира VI.ru хьостано.

Урюпинскан кIоштан администрацино хаамбира шайн "ВКонтактерчу" машанехь могIарера эскархо Иванов Юрий дIаволларх лаьцна, цунах лаьцна кхин сов информаци йац, ткъа Даниловскан кIоштара Сергиевская станицан культурин цIийно хаамбина – Симонов Олег кхалхарх, иштта кхин совдаьккхина ца йаздина цара а.

Ставрополь махкара Апанасенковскан администрацин куьйгалхочо "ВКонтактерчу" шен аккаунтехь хаамбина Вознесенское эвлара Белоущенко Сергей а, Киевка эвлара Кириенко Михаил а верах, кхин кIоргера хаамаш царех лаьцна а йазбина бац.

"Титушки в Краснодаре" цIе йолчу шен телеграм-каналехь жигархочо Вотановский Виталийс сурт зорбане диллина Краснодар-махкара Красноармейскан кIоштара Новомышастовская станицера кешнашкахь даьккхина. ДIавоьллинарг – хетарехь Украинехь вийна 32 шо долу Мухиддинов Наджимуддин ву, велла гIуран-беттан 7-чохь, цуьнан коша тIехула яржийна Оьрсийчоьнан байракх ю.

Иштта Выселковскан кIоштара "Власть Советов" газето "ВКонтактерчу" шайн агIонехь хаамбира Березанская станицера могIарера эскархо Сиделев Дмитрий дечкен-беттан 16-чохь верах лаьцна

Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш ду Украинехь байинчу 217 Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархойх лаьцна. Зорбанан гIирсийн хаамаш тIехь, Iедалхойн дIахьедарш тIехь, бакъонашларйархойн информаци тIехь, шайн хьастийн хаамаштIехь а вовшахтоьхна ду и ларарш. Билггал кхин а алсам хила тарло байинарш.

  • Оьрсийн Би-би-си-н" а, "Медиазонан" а лараршца, гIадужу-беттан 7-чохь Украинехь 7184 Оьрсийчоьнан эскархо кхелхина. "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъал а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-чохь дийца даьккхира, Оьрсийчоьрнан тIеман министралло Украинехь беллачех хаамаш къайлабаха сацамбарх. Товбеца-беттан 6-чохь Калининградера кхело Псковн кIоштара беллачех хIоттийна тептар йихкина материал лерира, оцу тIера хаамаш пачхьалкхан къайле ю, и хаамаш баржийначунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор ду аьлла. Цул тIаьхьа хIинццалц схьа беллачех ларарш дечу цхьа могIа регионалан зорбанаша шайн тептарш дIадехира.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • Дечкен-беттан 23-гIа – Украинехь тIом боьду 334-гIа де ду. ВСУ-но бакъдина, Запорожьен кIоштахь тIелата гIерта Оьрсийчоь аьлла. ФРГ-н МИД-н куьйгалхочо дIахьедина, Украинана танкашца гIодан кийча ю Берлин аьлла. Эстонино 113 миллион евро ахчанца а, иштта шайн йоллу 15-мм гаубицаш а Украинана дIалуш, гIо дийр ду аьлла, дIахьедина. ТIеман йеза "Леклерк" танкашца гIо дан тарло Францино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG