ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех хаамаш: Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а 22 эскархо


ВСУ-но маьршайаьккхинчу Украинан Харьковскан кIоштара Петропавловка эвлахь йохийна школа, гIуран-беттан 15-гIа, 2022 шо
ВСУ-но маьршайаьккхинчу Украинан Харьковскан кIоштара Петропавловка эвлахь йохийна школа, гIуран-беттан 15-гIа, 2022 шо

Украинехь боьдучу тIамехь Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а 22 эскархо валарх хиъна: пхиъ Волгоградан кIоштара ву, виъ-виъ Къилбаседа ХIирийчуьра а, Краснодар-махкара а, Ростовн кIоштара а ву, кхоъ ГIебарта-Балкхаройчуьра, цхьацца Нохчийчуьра а, ГIалмакхойчуьра а ву.

Волгоградан кIоштара Камышин гIалара 30 шо долу Куцолап Роман кхалхар тIечIагIдина "Высота 102" ресурсана гIалин администрацихь. Куцолап "Вагнеран ЧВК-н" йолахо вара, тутмакхашлахь дIахьажийна аьлла, хаам ца бина, амма 2020-чу шарахь набахтехь даккха ворхI шо хан тоьхна вара иза. VI.ru хьастан хаамашца, Куцолапна таIзар динера заьIапхочунна а, цуьнан къеначу нанна а къоладан Iалашонца тIелатарна.

"ВКонтактерчу" социалан машанан официалехь йоцчу Кумылженскан кIоштарчу паблико хIоттийнера хаам Глазуновская станицера 46 шо долу Николаев Олег дечкен-беттан 14-чохь вийна аьлла.

Котов гIаларчу официалехь йоцчу паблико а йаздинера иштта "ВКонтактехь", Нижние Коробки кIотарара 22 шо долу Журавлев Иван дIаволларх лаьцна. Комментарешкахь йаздора, Журавлев мобилизаци йина вигина вара бохуш.

Цхьахйолчу Камышинерчу паблико "ВКонтактерчу" социалан машанехь зорбане даьккхинера гIуран-беттан 24-чохь Украинан Донецкан кIоштара Макеевкехь вийначу Ольховскан кIоштара 21 шо долу Пиюков Денис дIавуллучохь даьккхина сурт.

Иштта Урюпинскера паблико "ВКонтактехь" хаамбо, Петровский кIотарара 27 шо долу Ниценко Никита валарх лаьцна, иза вийна Бахмутана гергахь гIуран-беттан 2-чохь.

Цул совнах, кхин а информаци зорбане йаьккхина Волгоградан кIоштара Иванов Юрий а, Шевелев Юрий а верах, церан кхалхарх хьалхо хаамбира Кавказ.Реалиис. VI.ru-н хаамашца, ший а "ЧВК Вагнеран" йолахо хиллера, Иванов маьршачу нахах вара, ткъа Шевелев, кадрийн эпсар, - тутмакхийн могIаршкара. Дийцарехь, наркотикашна тIехула чувоьллина хиллера иза.

Республикерчу телеграм-каналаша хаамбира Украинехь Къилбаседа ХIирийчуьра виъ вахархо кхалхарх. 39 шо долу Бесланера Беджисов Маирбек а, 42 шо долу Буьри-ГIалара Остаев Сослан а, Моздокера 30 шо долу Чалов Денис а, Моздокан кIоштара Предгорное эвлара Шощуков Тимур а. Чалов а, Шощуков а валар тIечIагIдира меттигерчу Iедалша.

Краснодаран кIоштара Кореновск гIалара официалехь йоцчу паблико "ВКонтактерчу" машанехь сурт хIоттийра Украинехь беллачу меттигерчу бахархойн Бражников Романан а, Корендясев Денисан а гергарчарна совгIаташ доькъуш

Кущевская станицера пабликаша хаамбира Кисляковская станицехь 23 шо долу Кущий Виктор дIаволларх. Ефрейторан чинехь вара боху Кущий, танкан оператор-наводчик хиллера, вийна дечкен-беттан 16-чохь.

Къаьстина лаамхойн диверсин штурман "Ветераны" бригадо шайн "ВКонтактерчу" машанехь хаийтина Абинскера Пряничников Игнат валарх.

Ростов кIоштара Батайск гIалахь дIавоьллина Украинехь вийна меттигера ши вахархо. 45 шо долу мобилизаци йина хилла Рылов Аркадий вийна дечкен-беттан 18-чохь, 30 шо долу Дегтярев Павел контрактца вахана хиллера боху.

Морозовскан кIоштан Костино-Быстрянский кIотаран администрацино шайн "ВКонтактерчу" машанехь хаамбина, гезгамашин-беттан 26-чохь вийначу 34 шо долчу прапорщикан Куликов Александран дена-нанна цуьнан совгIат дIадаларх.

Donday гIирсо меттигерчу администрацина тIетевжина хаийтина Матвеево-Курганскан кIоштара Красная Горка эвлара 24 шо долу Архипво Юрий кхалхарх. МогIархо Архипов талламхо хилла, вийна иза Соледарехь.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека шен телеграм-каналехь дIахьедина, Украинехь веллачу Баксанан кIоштара шина вахархочун гергарчарна совгIаташ дарх – лакхара сержантан, минометан чоьтан командиран Абазоков Муратан а, лахара сержантан, санинструкторан Тхакумачев Русланан а.

Цул совнах, Баксанан администрацин хьалханчас шен "ВКонтактерчу" машанан агIонтIехь хаамбина, Украинан Херсонан кIоштара Новая Каховка гIалахь вийначу Дыгулыбгей эвларчу Ахиев Русланан гергарчаьрга совгIат дIакхачорах.

Нохчийчуьра ТIехьа-Мартанара сержант Гайрбеков Супьян валарх къаьстира "ВКонтактерчу" кIоштан администрацин куьйгалхочун агIонехь мемориалан у хIотторах бинчу хаамехь. Видеороликца хIоттийначу информаци тIехь йаздина ду, Гайрбековн 37 шо дара, полисхо вара иза, охан-беттан 16-чохь вийна аьлла.

ГIалмакхойчуьра Лаганскан кIоштан администрацино "Вконтактерчу" шен машанехь зорбане даьккхина Украинехь вийна Очир-Горяев Михаил дIавуллучу тезетахь даьккхина сурт. Кхин совбаьккхина хаам бац.

Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш ду Украинехь байинчу 2139 Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархойх лаьцна. Зорбанан гIирсийн хаамаш тIехь, Iедалхойн дIахьедарш тIехь, бакъонашларйархойн информаци тIехь, шайн хьастийн хаамаштIехь а вовшахтоьхна ду и ларарш. Билггал кхин а алсам хила тарло байинарш.

  • Оьрсийн Би-би-си-н" а, "Медиазонан" а лараршца, гIадужу-беттан 7-чохь Украинехь 7184 Оьрсийчоьнан эскархо кхелхина. "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъал а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-чохь дийца даьккхира, Оьрсийчоьрнан тIеман министралло Украинехь беллачех хаамаш къайлабаха сацамбарх. Товбеца-беттан 6-чохь Калининградера кхело Псковн кIоштара беллачех хIоттийна тептар йихкина материал лерира, оцу тIера хаамаш пачхьалкхан къайле ю, и хаамаш баржийначунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор ду аьлла. Цул тIаьхьа хIинццалц схьа беллачех ларарш дечу цхьа могIа регионалан зорбанаша шайн тептарш дIадехира.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • Дечкен-беттан 25-гIа – Украинехь тIом боьду 336-гIа де ду. Угледаре шога тIемаш бу боьлхуш. Украинан малхбузехь британхойн ши волонтер тIепаза вайна хилар тIечIагIдина. Украинана танкаш лур ю аьлла, бартхилла США-н а, Германин а. Цхьанатоьхначу Штаташа Киевна 31 Abrams танк лур ю, Германино 14 "Леопард", кхечу пачхьалкхаша – кхин а оцу моделан I00 танк.
XS
SM
MD
LG