ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех керла хаамаш: пхеа регионера итт эскархо

Николаевскан кIоштан администрацин гIишло Оьрсийчоьнан эскарша ракетан тохарш диначул тIаьхьа, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-гIа де.
Николаевскан кIоштан администрацин гIишло Оьрсийчоьнан эскарша ракетан тохарш диначул тIаьхьа, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-гIа де.

Оьрсийчоьно Украинехь тIеман агресси дIахьочу юкъанна Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а вийначу итт эскархочун цIерш гIаръяхна: уьш Дагестанера пхиъ вахархо ву, виъ – Волгоградан кIоштера, ГIалгIайчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Астраханан кIоштера цхьацца вахархо.

Меттигерчу информацин хьостанаша бахарехь, хIордан гIашсалтин взводан командир, лакхара лейтенант Вердиханов Бехман Дербентехь дIавоьллина.

Махачкалан мэро Дадаев Салмана хаамбина, кIоштера шина стеган кхалхарх лаьцна – Сулак эвлара Шапиев Саидан а, Шамхал эвлара Курбанмагомедов Муртузалин а.

"Черновикан" хаамца, бийъинчарна Дагестанерчу бахархошлахь иштта 30 шо долу Гасанов Фахредин ву.

РИА "Дербент" хьостано Дагестанан Сергоканскан кIоштан Урахи эвлара 27 шо долчу лоьрийн сервисан лейтинантан Багомедов Пайзуллан кхалхарх лаьцна хаам гIарбаьккхина.

Волгоградера V1.ru агенталло хаамбина 32 шо долу лакхара лейтенант Ильченко Андрейн кхалхарх лаьцна – мехкан Городищенскан кIоштан Новый Рогачик эвлара вара иза. Йоккхачу тоьпан батарейн возводан командир вара Ильченко.

Иштта Украинехь вийна 26 шо долу Суровинскан кIоштара Нижний Чир эвлара танкхо Епифанов Александр.

"Фортанган" хаамца, Украинехь тIеман дуьххьарчу деношкахь вийна хиллачу, талларан ротера ГIалгIайчоьнан вахархочун 23 шо долчу Чапанов ИбрахIиман дакъа карийна. Чапанов чудаийтинчу беранкемана чохь хилла.

Къилбаседа ХIирийчуьра хьостанаша хаамбина 20 шо долу республикера вахархо Сакнышев Владиславан кхалхарх.

Астраханерчу бахархошлахь байъинчарна юккъехь Кавказский узело ефрейторан Джукесов Азаматан цIе йоккху, мотострелкован Нохчийчуьрчу ротехь механик-машенлелориг хилла иза. Джукесов вина Харабалинскан кIоштан Вольное гIалахь, дIавоьллина Красноярскан кIоштан Забузан гIалахь.

Иштта, окху муьрехь Кавказ.Реалиина официалехь тIечIагIдинчу хаамашца евзина Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхелхинчу 240 эскархочун цIерш; кхалхар билггала гучудаьллачу Дагестанерчу эскархойн терахь 78-не хьалакхаьчна.

  • Зазадоккху-беттан 25-хь Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь оьрсийн эскаран эшамех лаьцна керла официалан хаамаш бовзийтира: 1 351 тIемало велла, 3 825 лазийна. Хьалхо официалан хаам Зазадоккху-беттан 2-хь бен ца бинера, бохура оцу хенахь 498 стаг вийна. Шемахь тIемаш боьлхучу шерашкахь официалехь динчу дIахьедарца, кхелхира 116 оьрсийн эскархой. 2008-чу шарахь Оьрсийчоь Гуьржийчу гIоьртича – 67 стаг. Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIеман шина шарахь федералан эскархошлахь, кеп-кепарчу хаамашца байъинчийн терахь 4 I03 стагана тIера 5 042 тIе кхаччалц ду.
  • Зазадоккху-беттан 20-хь "Комсомольская правдано" арахецначу текстехь Оьрсийчоьнан тIеман министраллина тIе а тевжаш дуьйцура Украинехь вийначу 9861-х а, 16 153 лазийначу эскархойх лаьцна. ТIаьхьо иза хийцира, цигара терахьаш къайладевлира.
  • Кавказ.Реалиин хьостано дийцира Дагестанера мел кIезга а 130 контрактхочун кхалхарх лаьцна – официалехь и информаци тIечIагIйина яц. Иштта делахь а, къамелдечо бахарехь, "ур-атталла куьйгаллехь болчу наханна а бакъйолу информаци ца евза салтих-срочникех лаьцна".
  • Зазадоккху-беттан 29-гIа де – Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъе дейтталгIа де ду. Оьрсийчоь а, Украина а керла дийцарш даран раунд дIахьош ю Стамбулехь. Оьрсийчоьно дIахьедира, дийцарш даран процесс сиха дIаяхийтархьама Киевна уллора эскарш черниговера агIонехьа юхадохург хилар. ВСУ-н коьртачу штабо хаамбо, оьрсийн эскарш аьтто боцуш Киевна кIелахь керла позициш дIалаца гIерташ хилар а, Украинан эскархоша Мариуполь хIинле а дIахецна ца хилар а, ткъа Херсонера протесташ хьешархьама тIелоллуш керла Росгвардин ницкъаш хилар а.

This item is part of
XS
SM
MD
LG