ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь болчу кадыровхошлахь хаавелла Мансур Старый верна бехкехетарг


Кадыровхой. Гайтаман сурт
Кадыровхой. Гайтаман сурт

Нохчийн блогер Алиев Iимран, иштта Мансур Старый цIарца вевзаш хилларг, верна бехкевен Мамадиев Iусман тIаьхь волуш видео яьржина машанехь. ТIеман барзакъ доьхна ву Мамадиев, Украинан дозана тIехь болийначу тIамехь дакъалаца шайн лаамехь цига бахначаьрца ву иза.

Алиев Iимран вийра 2020-чу шеран Дечкен-бутт бовш, цуьнан дакъа карийра Францин Лилль гIаларчу хьешан цIийнехь – 135-зза урс диттина чевнаш яра цунна тIаьхь. Business Insider хьостан информацица, иза верна шеконашка эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца воьзна стаг. Киллер блогерна вевзаш хилла лоруш ву, цIерпошта тIехь цхьаьна веана и шиъ Бельгера Франци.

Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос хIетахь хаамбира, шен хьасташна тIетевжина, Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан вахархо Мамадиев Iусман ву киллер аьлла. Цхьана кIиранах Алиев Iимран волчахь хан яьккхина цо, цул тIаьхьа цуьнца Франци вахна, Лилль гIаларчу цхьана отелехь цунна наб кхетийта молха а делла, масийттазза логах урс тоьхнера. Цул тIаьхьа киллер Европера араваьлла, Нохчийчу дIаваханера.

Ша зорбане даьхна тоьшаллаш стенгара кхаьчна билгал ца даьккхина Абдурахмановс. Информаци тIечIагIъеш кхин дозуш доцу тоьшаллаш дац Кавказ.Реалиин.

Блогер политикан буха тIехь вийна хиларх а, цунна тIеIаткъамбарх а а дийцира "Эхо Кавказа" портале адвокато Арцуев Аслана.

Хьалхо Украинан дозанашкахь бечу тIемашкахь чевнаш йира, оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевечу Геремеев Русланна. Цул а ши де хьалха Кадыров Рамзана видео зорбане яьккхира, цу тIехь кадыровхошца ламаз деш ву Геремеев, цул тIаьхьа нохчийн байракх югIу цо, дIахьедарехь, Мариуполь гIалин администрацин гIишлонна тIе.

ТIепаза вайна лоруш вара Геремеев Руслан, Немцов вен кечам беш хилла Геремеев Артурца цхьана аьлла, шеконаш хилла полици цуьнга хетарш дан кечлучу хенахь. Талламна ца карийра и шиъ, официалан версица, уьш бехачу хIусамашкахь цхьаммо а неI ца йиллинера.

  • Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
  • Украинан кхерамзаллин сервисо дIахьедира, Украинана тIелеттачу Оьрсийчоьнан эскаршца тIемаш бечу Нохчийчуьрчу тIемалойх бIе стаг вийна, бисинарш Зазадокху-беттан I3-чохь Соьлжа-ГIала юхабахна аьлла.
  • Охан-беттан 4-г1а де - Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъалг1а де ду. Дахначу дийнахь-буьйсанна Одесса, Николаев гIаланашна тIе ракетан тохарш дина, Днепропетровскан, Донецкан, Луганскан кIошташна ден тохарш совцуш дац. Оьрсийчоьнан эскарша дIалецначу Украинан къилбера масех гIаланашкахь юха а Оьрсийчоьнна дуьхьал гуламаш хилира Охан-беттан 3-хь. Украинан Iедалхоша д1ахьедо, Украинан къилбехь, мал[балехь, Мариуполехь шога тийсадаларш ду хила дезаш - Оьрсийчоьнан агIоно дIахьош долу тобанаш дIасакхийсар чекхдаьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG