ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь даржийна Оьрсийчоьнан агитацин кехатех пайдаийцира Нохчийчохь тIом боьдуш а


Украина, Луганскан кIошт. "ЛНР-н" эскархочун карахь бу агитацин хIоъ. Зазадокху-беттан 29-гIа де, 2022 ш
Украина, Луганскан кIошт. "ЛНР-н" эскархочун карахь бу агитацин хIоъ. Зазадокху-беттан 29-гIа де, 2022 ш

Украинерчу Черниговн кIоштахь бомбанаш еттачу хенахь пайдаэцна, хетарехь, Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш лелийна хиллачу агитацин хIоьънех. Цуьнан тоьшалла до цу юккъехь хиллачу кехаташа, цхьахдолчун даьккхина сурт зорбане диллинера украинхойн вевзаш волчу блогеро Птушкин Антона.

Кхечу хьасташкахь хIара информаци тIечIагъеш яц, Оьрсийчоьнан тIеман министралло еш комментарий а яц Украинехь шира агитацин хIоьънех пайдаэцарх лаьцна. Делахь а, Европерчу нохчийн диаспоран векалша, дукхахберш даймахкара дIабахна федералан эскарш чугIортар бахьана долуш, тIечIагIдина Птушкина зорбане даьхна кехаташ бакъ хилар.

"Суна ца хаьа, Нохчийчохь шолгIа тIом хиллачу заманара хIоьънаш Украинехь муха нисделла, амма хьоьху текст ешар. Цхьа сюр ю-кх хIара", - аьлла блогеро, караяьхкинчу агитацин материалашна комментарий еш.

"Нохчийчоьнан бахархошка" кхайкхам бечу кехата тIехь дIахьедар ду, "меттигерчу ахча долчу нехан, террорхойн тобанхойн куьйгалхойн, талорхойн, къуйн, нах бойучийн" интересаш Iалашъяйта гIерта цаьрга…Басаевс, Хаттаба, Удуговс, кхин а цхьа могIа кхечу наха а "хьарам ахчанаш доху шун цIий тIехь". Кхайкхамна куьйг яздинера "Оьрсийчоьнан эскарийн цхьанатоьхначу тобанан куьйгалло".

Нохчийчохь шолIга тIом боьдуш изза кехаташ кхийсина хилар тIечIагIдира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Венерчу "Ичкерия" синбахамаллин центран куьйгалхочо Исханов Хьусайна а – Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь къобал ца йинчу Ичкерин президентан Масхадов Асланан адъютант хилла ву иза.

"Иштта кехаташ Соьлжа-ГIаларчу сан цIахь архивехь дIадехкина ду. Изза кехаташ кхуьйсура артиллерин хIоьънашца а, вертолеташца а еттачу хенахь Соьлжа-ГIалахь а, кхечу нах бехачу ярташкахь а. Оьрсийчохь телхинчу хьелашкахь а, Путинан эскаро йоллу резервах пайдаэца дезарна а, тарло Украинехь иштта хIоьънаш лелон", - дIахьедина Исхановс.

Украинехь керийна кехаташ Нохчийчохь а даржийна хиларх иштта тIечIагIдира Европерчу нохчийн Ассоциацин векало Албаков Шемала.

"РогIера юха а гойту кхо, мел телхина Оьрсийчоьнан арми а, йоллу система а коррупцина а, ледарлонашна а юкъахь а. Шаьш стенца, мича тухуш а цо хьовсу уьш", - тешна ву Кавказ.Реалиица къамел динарг.

  • Оьрсийн эскарша гоне ерзийначу Украинан Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь кхийсарш хилла Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархошна юкъахь. Цунах лаьцна хаамбина Украинан тIеман министраллан иччархойн коьртачу урхалло (ГУР). Конфликтан агIонийн дIахьедарш зен аьтто бац, саццаза бечу тIеман хьелашкахь.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву миллион долларшкахь мах бала Дудаев ДжовхIаран а Шейх Мансуран а цIарахчу украинхойн батальонийн буьйранчаш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болчу меттигах хаам бинчунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG