ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Украинехь эшарна чIогIа сагатдо нохчийн Iедалша". Кутаев Руслан – Европан кхелан сацамах а, мехкан хиндолчух а


Кутаев Руслан, архивера сурт
Кутаев Руслан, архивера сурт

Нохчийн юкъараллин гIуллакххочуьнга Кутаев Русланехьа сацамбина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело – цо бакъдина, жигархочунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш хилар, гIуллакх – шайггара айдар, иштта Нохчийчохь цунна тIехь ницкъбина хилар а. ЕСПЧ кхело цунна 52 эзар евро компенсаци йалар тIедожийна.

2014-чу шеран чиллан-беттан 20-чохь, 1944-чу шарахь нохчий, гIалгIай махках баьхна рогIера шо кхочуш Соьлжа-ГIалахь конференци хIоттийначул тIаьхьа лачкъийна дIавигира иза шен ГихтIера хIусамчуьра. Мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца дагабевлла хIоттийна бацара барам, цунах лаьцна дийцар дихкинчу цуьнан политикаца догIуш дацара.

Кутаев лачкъийна вигинчара йеттара цунна, тIехь ницкъбора, шолгIачу дийнахь "Iазапашна дуьхьалойаран Комитет" (хIинца "Iазапашна дуьхьал Команда". -Ред.билг.) маьршачу бакъоларйархойн мобилан тобане гIо дийхира цо. Масех де даьллачул тIаьхьа иза лаьцна витира, бакъо йоцуш кхо грамм героин латтийна аьлла бехкевина. Кутаевс дийцира, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх шога фальсификаци йина хиларх, ур-атталла наркотикаш тийса а ца ларош, протокол хIоттийнера, карийна шайна аьлла.

Дукха дах ца делира талламбар, пхи бутт баьлча Кутаевна "Чернокозово" набахтехь даккха диъ шо туьйхира. Кхин дIа долчу гIуллакхашкахь, цунах терачу сценарица дуьхьалдаьхначу, нахана марихуана туьйсура –и дира цара Соьлжа-ГIаларчу бакъоларйаран "Мемориал" центран офисан кьуйгалхочунна Титиев Оюбан гIуллакхехь а, "Кавазский узел" ресурсан корреспонентан Гериев Жалаудин гIуллакхехь а.

Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Кутаевс дийцира, шен гIуллакхехула бинчу сацамо Оьрсийчохь, доккхачу декъанна Нохчийчохь хуьлучунна, тIеIаткъам муха бийр бу.

– Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) бина сацам муха тIеоьцу ахь? Оьрсийчоь Европан Кхеташонна юкъарайаьлла хиларца, цхьана а кепара Iаткъам бийр буй цо?

– Цкъа-делахь, суна коьрта хIун дуй: кхело тIечIагIдина гIуллакх баккъал а шайггара кхоьллина хилар а, политикан буха тIехь хилар а. Со чIогIа воккхавоь, сацам иштта нисбелла.

Шайггара гIуллакхаш достуш, Оьрсийчохь нахана тIехь ницкъбинчу тIеман зуламхошна таIзар дечу хенахь, церан зуламаш кхин а тIе дазден долчех ду сан гIуллакх а

ШолгIа-делахь, хьахо лаьа суна, хаамийн гIирсашкахь цунах лаьцна дуьйцучу хенахь билгалдаккху, ас даредеш кехаташна куьгйаздинера бохуш. Иштта дацара иза. Сайчух тера куьгйаздан гIиртинера уьш. Сан адвокато, Заикин Петра Москвахь йозуш йоцу экспертиза йайтинера, цо къеггина дIагайтира, соьгара героин йаьккхина аьллачу кехатна бухахь таIийна куьйг сан дац аьлла. Амма протокол гIуллакхна юкъа ца дахийтинера, Нохчийчуьра кхело тIе ца эцнера иза.

Суна бен-башха дац, кхачийна ахча Оьрсийчоьно дIало йа ца ло. Юьхьанца дуьйна а ас олуш дара, кхелана хеттачунна тIехь ву со, цхьана а кепара ахчанан барамехь лучу компенсацишка сатуьйсуш вац аьлла.

Шайггара гIуллакхаш достуш, Оьрсийчохь нахана тIехь ницкъбинчу тIеман зуламхошна таIзар дечу хенахь, церан зуламаш кхин а тIе дазден долчех ду сан гIуллакх а.

– ТIейогIучу заманчохь тIеман зуламхошна тIехь кхел хир ю аьлла, тешна ву хьо?

– ТIом болабеллачу деношкахь дуьйна олура ас, Оьрсийчоь оьшур ю, капитуляци йан дезар ду церан, цул тIаьхьа юхур ю иза бохуш. ООН-н Кхерамзаллин Кхеташонан декъашхо йолчуьра а иза арайоккхур ю, Оьрсийчоьнера зарратан герз а дIадоккхур ду. Оцу доллучо а тIеман трибунале а, йоккхачу кхеле а кхачор бу уьш. Сан цу тIехъ шеконаш йац.

– Хьан гIуллакхехула бинчу сацаман хьокъехь Нохчийчохь цхьана а кепара реакци йирий?

– Ахь хIун дуьйцу, ца йира, кхул а къиза дуккха а зуламаш лелийна Нохчийчохь. Массо а дIавоьлла, Нохчийчоьнах хьакхалуш долу Европан кхелера гIуллакхаш конвейер тIехь санна дIахьийсадо. Украинехь шаьш эшарна кхоьруш, саготта бу нохчийн Iедалхой. Уьш жоьпе озорехь тIадам хилла дIахIуттур бу и. Цунна саготта бу уьш. Ткъа ас кхелехь толам баккхар - цара цуьнан тергойина а хир йац. Кхул а баккхий сингаттамаш бу цаьргахь.

– ЕСПЧ-н сацамаша тIеIаткъам бойла дуй Нохчийчуьра адамийн бакъонашца долчу хьолана?

– Дац аьлла хета суна. ХIинца ЕСПЧ-но мах хадабо кхелийн, прокуратурийн, бакъоларйаран структурийн, иза коьрта ду. Амма чоьхьара хиламаш Оьрсийчоьно Украинехь болийначу тIеман IиндагIехь бу.

– ХIун аьлла хета хьуна, хьайчух тера гIуллакхаш Нохчийчохь алсамдевлла, йа мелхо а лахделла?

– Хала хеташ делахь а, оцу кепара гIуллакхаш толлуш хилла йозуш йоцу бакъоларйаран организацеш хIинца Iаламат кIезиг ю. Адамашна тIехь Iазапаш ца хьегарна дац иза. "Мемориало", "Iазапашна дуьхьал Комитето" чIогIа боккха болх бина. 2000-чу шерийн юьххьехь со а, Дмитриевский Стас а "Оьрсийн-нохчийн доттагIаллин юкъараллин" куьйгалхо вара. Информацин центр кхоьллира охашиммо, дуккха а хаамаш гулбира Нохчийчохь лелочу зуламех лаьцна. Меттигерчу нахера дуккха а хаамаш бара тхоьгахь.

Репрессиш лах ца йелла – уьш кхин а алсам хила тарло

Хьал хийцаделира тIаккха. Ткъа хIинца "Iазапашна дуьхьал Комитет" а, вовшахйаьккхина "Мемориал" а Нохчийчуьра лехкина. Цо доккха таммгIа дуьту, талламаш бан стаг а вац. Репрессиш лах ца йелла – уьш кхин а алсам хила тарло. Масала, бертаза лоьцуш, Украинерчу тIаме хьийсочу нехан хьокъехь.

– ХIун аьлла хета хьуна, Нохчийчохь тахана парггIат юкъараллин гIуллакх леладойла юй, ахь санна?

– Йац аьлла хета суна. Со набахтера араваьлча, оццу дийнахь, "Чернокозовн" колонин кевнаш хьалха дIахьедира ас, политикан а, бакъоларйаран а къийсам кхин дIа а латтор бу аьлла. Со тутмакх хилале хьалха, оха жигара болх бора, хиламийн маса тергойора. Со араваьллачул тIаьхьа и нах соьца бисира. Амма шайна тIе камераш хьежон кхоьрура уьш – цуьнан а бехк бац. Набахтехь диъ шо а, тIехь контроль латтош шо а даьккхира ас, оцу пхеа шерачохь дуккха а хIума хийцаделла юкъараллехь. Гайкаш Нохчийчохь тIекъийлина ца Iаш, йоллу Оьрсийохь а тIекъуьйлу.

– Режим йерззалц ца Iаш, хIун хьелаш хIиттийча тахана юхавоьрзур вара хьо республике хьайн болх дIабан?

Кремлан Iедал дохаро, регионалера Iедалш а дохор ду

– Кхин хьелаш дан а дац: Путинан куьйгалла дар чекхдала дезаш ду. Оьрсийчоьнан Iедале бахка беза демократи йохьу нах – Оьрсийчохь хийцамаш хилахь, Нохчийчохь а хир бу уьш. Ткъа нохчийн Iедалхойх дерг аьлча, Путинан Iедал а, уьш а – цхьаъ бу. Кремлан Iедал дохаро, регионалера Iедалш а дохор ду. ТIаккха таро хир ю болх бан бахархойн институтийн, юкъараллин а, бакъоларйаран а организацийн а. Уьш юха денйойла ду. Кхин некъаш дан а дац. Цкъачунна де-дийне хьал телхина догIу.

– Хьо Нохчийчу воьдий?

– Шо ду со цигахь хилаза. Кхераме делахь а, хIетте а кест-кеста воьду со. ХIаъ, суна тIехь терго латтайо, хоуьйту, со шайна гуш хилар. Со принципан стаг ма ву. ХIетахь, конференци йирзинчул тIахьа а, сихха дIагIойла ма дара сан – кхаа дийнахь суна тIаьхьа бевлла лийлира.

Туркойчохь "Маьршачу Оьрсийчоьнехьа" аьлла болам (боламан декларацихь Украинана дуьхьал болийначу тIамна а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран политикана а критика йо. – Ред.билг.) вовшахтоьхна оха. Иза кхераме ду, амма къийсам латтош бу оха.

– Хьуна кхерамаш туьйсий?

– ХIаъ, тIаьххьара кхерамаш тийсина суна бутт хьалха. Лакхарчу тIегIанера наха хабар тоьхна сох, со мича вуьжу а, стенга лела а, стенгахь хуьлу а шайна хууш ду аьлла. Со вуьйр ву аьллера. Амма со полицига ца вуьйлу. Дуьххьара дац суна кхерамаш туьйсуш. Даим лечкъина леллла а вер вац. Ларлуш хила веза, бакъдерг дийцича, хаа-м ца хаьа суна, муха ларлур ву, нахана вевзаш стаг хилча.

***

Зазадокху-беттан 16-чохь Европан Кхеташонна юкъара йаьккхира Оьрсийчоь буьззинчу барамахь Украинана тIамца тIелатарна. Цунна жоп лучу Москвано сацамбира, цул тIаьхьа ЕСПЧ-кхело арахоьцу сацамаш кхочуш ца бан. Оцу кепара низамна куьйгйаздира Путина мангал-беттан 11-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG