ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь Ичкери йаккхар: нохчийн тобанан буьйранчаца Ажиев Рустамаца интервью


Ажиев Рустам
Ажиев Рустам

ГIадужу-беттан йуьххьехь оьрсийн эскаршца тIом бан Украине кхечира нохчийн Шемарчу тIеман тобанан буьйранча Ажиев Рустам, Iабдул-Хьаким Шишани цIарца вевзаш ву иза. Къобалйанзачу Ичкерин эскаран Централан фронтехь буьйралла деш вара и, тIаккха Туркойчу дIавахара, 2011-чу шарахь "Имарат Кавказан" джихадхошца Шемахь "Аджнад Аль-Кавказан" (Оьрсийчохь террорхойн йукъаралла лоруш йу. – Ред.билг.) куьйгалхо хилира цунах, и тоба ИГИЛ-ца йоьзна йац. 2017-чу шеран гIадужу-баттахь тобанан куьйгалхоша дIахьедора, шаьш Шемарчу тIамехь дакъалацар сацийна, Шемарчу джамаIаташна йукъахь девнаш хиларна аьлла.

Украинехь Ажиев а, цуьнан тоба а Нохчийн республика Ичкерин тIеман ницкъийн Украинан интернационалан легионна йукъайогIучу Къаьсттинчу батальонан лерринчу тобанан (ОБОН) декъехь хир бу. И кхоьллина къобалйанзачу Ичкерин урхаллан арахьарчу хьалханчас Закаев Ахьмада.

Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Iабдул-Хьаким Шишанис дийцина ша Украине варан бахьанех, шена Нохчийчоь тIейогIучу хенахь муха го а.

– Нохчийчохь тIом болабелча мел шо дара хьан? ХIетахь хIун лелийра ахь?

– 1981-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина ву со, сайн накъостех кхин башха къаьсташ воцуш кхиъна: спортзал, школа… Спорт лелош хенахь баккхийра сатийсамаш гойтура ас, хIетахь вайн кIезга бацара маьршачу стилехь дика латархой. Школа чекхйаьккхича педагогийн университете дIатасвала кхиира со, амма Оьрсийчоьно болийначу тIамо дохийра дерриг, йерриг планаш хIаллакйира.

1999-чу шарахь тIеман тийсдаларш доладелира, 2000-чу шарахь 19 шо долу со дуьхьалончийн декъах дIакхийтира. Цул тIаьхьа аса мел лелориг Оьрсийчоьнна дуьхьал даьккхина дара.

– ХIетахь кара герз стенна ийцира ахь?

– Шун хаттарна жоп ло тахана украинхоша. Боьршачу стеган декхар ду шен даймохк, къам лардар. Сан, ма-дарра аьлча, йиш йацара кара герз а эцна, сайн накъосташца цхьана могIаре дIа ца хIотта. Суна мел бевзарш, классернаш, спортхой, залехь тийсдаларшкахь хилларш дуьхьало йан дIахIиттира. "Нохчи" боху къам лаьттан бух тIехь дуьссург хиларан хаттар дара луьстург, Ичкерин суверинитет йоцург.

Ажиев Рустам
Ажиев Рустам

– Нохчийчуьра тIом хьуна гергахь муха бирзира? ТIом чекхбаьлча хьан дахар муха нисделира?

– ТIом бирзина бац тхуна, иштта дацахьара арахьара урхалла хир йацара, йа Нохчийчоьнан бахархой хир бацара даймахка кхача а лууш, амма и дан аьтто боцуш. ТIом кхечу кепе бирзина, шен меттиг хийцина цо. Коллаборантийн раж дIахIоьттича, тхан даймахкана оккупаци йича, нохчийн дуьхьалончаш къайлаха болхбан буьйлира. Суна йина чов бахьанехь даймахкара дIаваха дийзира сан.

Туркойчохь дарба лелочу йукъанна Оьрсийчоьнна дуьхьало лелор кхин а дIадахьа аьтто белира сан Шемахь. "Шина нохчийн тIеман" ветеранаша санна лаамхочун кепехь Шема кхечира. Вуьшта аьлча, Нохчийчоь дIайаьлча партизанийн тIом бара, тIаккха Шемахь тIомбан аьтто хилира тхан. Украинехь тIом бирзича иза Оьрсийчоь эшийна бохург дац. Тхайн тIекхочийла долчу муьлххачу дозанахь мостагIна тIаьхьдевлла лелар ду тхо.

Кхечу пачхьалкхаша гIо ца дора Нохчийчуьрчу тIамехь

– Шемарчу тIамехь ахь дакъалацаран бахьана хIун дара?

– Лекхахь аьлла ма-хиллара, бахьана цхьаъ ду – мостагI буьззинчу барамехь эшор, мостагI вуно къиза ву, цхьа бIешо хилла ца Iа цо къам хIаллакдеш, нохчашна дуьхьал терроран а, геноцидан а политика лелош. Украинина тахана санна гIо латточу хьелашкахь Оьрсийчоь эшо аьтто бу – амма тхан и аьтто бацара.

– Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-украинхойн тIемашкахь хIун башхаллаш йу?

– Нохчийчуьрчу тIемашкахь ЕС-н, Малхбузенан а пачхьалкхаша гIо ца дар йара башхалла. Ресурсаш кIезга йара: адамаш а, герз а. Эшаме йолчу позицешкахь тIомбан безара тхан, ВСУ-н санна гIирс боцуш.

Украинехь берг керлачу хенан тIом ма бу – артиллерин, дронийн, ракетийн. Лаьмнашкахь, хьаннашкахь, гIаланашкахь, аренашкахь а тактическан жимачу тобанашца тIемаш баран доккха зенделларг ду тхан. Оцу кегийрачу тобанашца украинхоша тахана толамаш боху "шолгIачу дуьненан" тIеман хенахь санна лелаш долчу оьрсийн эскарна тIехь. Тхуна и тактика вуно дика йевза, тхайн зенделларг хьоьху оха.

Ажиев Рустам, Закаев Ахьмад
Ажиев Рустам, Закаев Ахьмад

Украинан гражданство хьайна йалийта муха аьтто хилла хьан, 2014-чу шарахь дуьйна махкахь тIемаш деш болчу нохчашна паспорт ца даларал совнаха, санкцийн тептаршкахь нисбелла уьш?

– Шуьга дийца йиш йоцу хIуманаш хуьлу, аьлча а, дерриг дийца йиш йац. И хьехор дац вай, хIунда аьлча, шина пачхьалкхана йукъахь бина барт бу, Ичкерина, Украинина йукъахь.

– Украинера тIом – и хьайн тIом бу аьлла хIунда хета хьуна?

– Историн нийсо меттахIотто веана ву со. Харцонна дуьхьал къийсам латтош дара тхан къам шайн йерриг исторехь. Шайн хенахь украинхойн жима тоба тхуна гIо дан йеанера оьрсашна дуьхьало йеш, тхуна и диц ца делла.

– Доьзал буй хьан? Украине ваха хьан сацам муха тIелецира гергарчу наха?

– ХIаъ, доьзал бу сан, дуккха а бераш ду, амма оцу темех лаьцна къамелаш дан товш дац тхан. И долара хIума ду. Сан а, сайн накъостийн а гергарчу наха къобалбо пачхьалкхан йозуш цахиларехьа оха дIахьош болу къийсам. Дахар къийсаран хаттар ду и тхуна гергахь: Оьрсийчоь дийна мел йу паргIат даха йиш хир йац тхан. Мацца а тхо дерриг хIаллакдан а, тхоьх лайш дан а гIертар бу уьш, хIинца Кадыровс санна. ТIаккха тхан цхьанне а гергарнаш кхермазаллехь хир бац бохург ду и, Нохчийчуьра пассионаре бахархой оккупацин ражна тIейогIучу ханна кхерам бу.

– Хьо Украинерчу тIамехь дакъалаца схьавеача, хьан махкахойх дукха нах барий украинхойн агIо лаьцна тIомбан лууш?

– Шайн маршо къуьйсуш Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бан луучу нехан къоьлла йацара тхан цкъа а. Амма Украине дуккха тхайн махкахой бахкар – и хенан хаттар ду. Суна хетарехь, тIейогIучу хенахь шуна гур ду, тхан рагIнашка дуккха а маьрша нохчий схьакхеташ.

– Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра Украинан агIо лаьцна тIомбеш болчу нохчашна. Цунах лаьцна хIун ойланаш йу хьан?

– Ас цунна халахетар дан мега, адамийн дахарш цуьнан карахь дац ас алахь. ХIоранна шена луург дийца йиш йу, оьрсаша а дуьйцура, шаьш Киев кхаа дийнахь схьайоккхур йу бохуш, цул хьалха бохура Соьлжа-ГIала шина-кхаа сахьтехь йоккхур йу хьалхарчу тIамехь. Амма иштта метод цара кхоьллина йац хIинца а. Оьрсийн гIорторашна тIе а тийжаш вехаш ву Кадыров, церан хан а чакхене йоьрзуш йу.

– Нохчийчоь муха ган лаьара хьуна? Цкъа мацах цIаверза лаам буй хьан?

– Маьрша Ичкери – тхан хьалхлера Iалашо. Оха вовшашка хьал-де хоттучу йукъанна "маьрша хуьлийла хьо" боху дешнаш олу. Нохчий маьрша къам ду, оьрсашна и кхеташ дац.

Хетарехь, хийрачу махкахь вехачу муьлхачу нохчочун бу цIаверза лаам. Сатийсам боцуш ваха йиш йац стеган.

***

  • 2019-чу шарахь дуьйцура, Ажиевс ша шена эккхийтар дина бохуш, амма тIаьхьо конфликт лаьттачу зонера тIечIагIдазчу хьасташа бакъ ца дира иза. Стохка гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира Нохчийчуьра йалх вахархо, уьш бехкебинера Ажиевна а, оппозицин блогерна Халитов Хьасанна а кIело йарна.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Кадыровс 500 эзар америкахойн долларшкахь кхаъ кхайкхийра хьалхо оцу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йийцинчунна.
  • Лахьан-баттахь Росфинмониторинго экстремистийн, террорхойн тептаре ваьккхира 35 шо долу Нохчийчуьра вахархо Садаев Муслим - Къаьсттинчу батальонан лерринчу тобанан (ОБОН) цхьаволу буьйранча ву и. Къобалйанзачу Ичкерин урхаллин куьйгалхочунна Закаев Ахьмадна дуьхьал бехктакхаман г1уллакх долийра Нохчийчохь, террорхойн йукъаралла кхолларна бехке а вина. Амма террорхойн федералан ФСБ-но х1оттийначу тептаре йаьккхина йац Нохчийн республика Ичкерин т1еман ницкъийн ОБОН.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан ражна а дуьхьал джихIад кхайкхийна къобалйазчу Ичкерин агIончаша товбеца-баттахь – социалан машанехула дIасакхуьйсучу видео тIехь боху иза. Нохчийчоьнан бахархошлахь къайлаха болу болам кечбарх лаьцна дIахьедира Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а, Шейх Мансуран цIарх йолчу, Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу нохчийн батальонан спикеро Белокиев Ислама а. Цара бахарехь, оцу кечаман Iалашо – "Ичкери оккупацих мукъаяккхар а, маьрша хилийтар а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG