ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь кхелхиначех хаамаш: кхин а пхиъ ХIирийчуьра, ГIалгIайчуьра, Адыгейра, Волгоградан махкара


Харьковна тохарш диначул тIаьхьа, 2022-чу шеран Зазадоккху-бутт
Харьковна тохарш диначул тIаьхьа, 2022-чу шеран Зазадоккху-бутт

Чекхдаьллачу дийнахь-буьйсанна евзина Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а оьрсийн эскаршца Украинана тIелатар дечу юкъанна веллачу кхин а пхеа эскархочун цIерш.

Къилбаседа ХIирийчоьнан тIеман эксперта Марзоев Олега хаамбина 21 шо долчу БМП-3 тIехьажориг-операторан Тедеев Германан кхалхарх лаьцна. Чиллан-беттан 28-хь велла иза Херсонан кIоштехь, дIаволлар Зазадоккху-беттан 31-хь хир ду. Велла эскархо Доьналлин орденца билгалваьккхина.

Майкопера вахархо Покусаев Илья велла Зазадоккху-беттан 12-хь, цуьнан лерина тоба тохаршна кIел нисъелча. Покусаевн 35 шо дара, лакхара сержантан чинехь вара иза. Ших йоI йиссина цуьнан.

"Фортингано" шен хьостанна тIе а тевжаш хаамбо ГIалгIайчуьра эскархочун Хадзиев Тимуран кхалхарх. Хууш ду, дIаволлар Зазадоккху-беттан 29-хь хиллий. Хадзиевн хан, тIеман декхарш дIадаьхьна эскарш, валаран латтамаш хууш дац.

Иштта, Волгоградерчу зорбанаша тIечIагIдина Палласовскан кIоштера 20 шо долчу ефрейторан Буланов Эдуардан а, 41 шо долчу капитанан, радиацин, химин, биологическан ларваран сервисан куьйгалхочун Ерошин Денисан а кхалхарш.

Иштта, окху муьрехь Кавказ.Реалиина официалехь тIечIагIдинчу хаамашца евзина Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхелхинчу 250 эскархочун цIерш; кхалхар билггала гучудаьллачу Дагестанерчу эскархойн терахь 80-не хьалакхаьчна.

  • 25 марта Минобороны опубликовало новые официальные данные о потерях российской армии в Украине: погибли 1 351 военнослужащий, 3 825 получили ранения. Ранее официальная информация публиковалась только 2 марта, тогда сообщалось о 498 убитых. По данным украинской стороны, Россия потеряла уже около 17 500 человек. Количество погибших за два года в Чечне в первую кампанию, из числа федеральных военнослужащих, в зависимости от источника, разнится от 4 103 до 5 042 человек.
  • 20 марта "Комсомольская правда" опубликовала заметку, в которой сообщалось со ссылкой на Министерство обороны РФ о 9861 убитом и 16 153 раненых в Украине российских военных. Позже она была отредактирована и эти цифры из нее пропали.
  • Источник Кавказ.Реалии сообщал о потере минимум 130 контрактников из Дагестана – официального подтверждения этой информации нет. При этом, по словам собеседника, "даже в высшем руководстве люди не знают точной информации о солдатах-срочниках".
  • Зазадоккху-беттан 31-гIа де – Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь тIамца чугIоьртина шовзткъе ялхийтталгIа де ду. Дийцарш даран процесс сиха дIаяхийтархьама Киевна уллора эскарш черниговера агIонехьа юхадохур ду боху оьрсийн дийцарш даран тобанан векалийн дешнашца шайн реза ца хилар хаийтина тIеман министралло. Урхаллин векало Конашенков Игоря бахарехь, юьйцург ю "эскарийн дехьадахар". Украинан Iедалхоша хаамбо керлачу тохарех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG