ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь шайлахь дукха баларх дIахьедина Нохчийчуьрчу эскархоша


"Ахмат" СОБР-н эскархой Мариуполехь. Украина
"Ахмат" СОБР-н эскархой Мариуполехь. Украина

Украинана дуьхьал тIемаш бечу Нохчийчуьрчу эскархоша дIахьедина, шайлахь дукха баларх а, чевнаш йинарш а хиларх. Хетарехь, Украинан тIемаш боьлхучу дозанашкахь яьккхина видео зорбане йиллина оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-канало.

"Дуккха а тхан вежарий эгна. Дала къобалдойла церан гIазот", - боху нохчийн маттахь, окоп чохь дIаязйинчу видео тIехь волчу цхьана эскархочо. Муслим, Хайрулла, кхайкхаме "Бардак" цIе йолчуьнга а кхойкхуш, рацихула цаьрца зIене вала гIерта иза.

Видео тIехь болчара дIахьедо, чевнаш йинчу шайн накъосташна тIаьхьа даьхкина шаьш. "Хирург" цIе йолу цхьаъ гойту операторо, окоп чохь аренца лелочу лоьрийн гIирсаца волу. Роликан автора боху, "цуьнан карах дуккха а декъий а, оццул лазийнарш а чекхбевлла".

Кхечу видео тIехь цхьахволчу эскархочо къамел до, эзар стаг хиллачу шайн отрядера верриг а 300 тIемало ву виссинарг аьлла, дIахьединчу 19 шо долчу Тамерланца. Ролика тIехь болчара билгал ца доккху, муьлха дакъа ду дуьйцург, хьахадо къона эскархо хIордан пехотера хилар.

Украинерчу эскархойх шиъ кхалхар бен бакъ ца до Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хаам зорбане боккхучу хенахь официалехь йина комментарий яцара кадыровхоша баккхий эшамаш хиларх динчу дIахьедаран.

  • Оцу юкъанна Зазадокху-беттан 4-чуьра дуьйна Кадыровс 26-зза дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полкан дакъоша а, Росгвардино а блокадехь латтош йолу украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Охан-беттан 18-гIа - тIом боьду 54-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарша тIейетта украинхойн гIаланашна. Охан-беттан 18-чохь Iуьйранна ракетан тохарш дира Львовна а, Киевская, Днепропетровская кIошташна а. Меттигерчу украинхойн Iедалхоша дIахьедина Луганскан кIоштахь Оьрсийчоь тIелатарх, кхайкхамбина цигарчу бахархошка катоххий арадовла аьлла. Гоне берзийна украинхойн тIемалой дуьхьал хилла Мариуполь дIаяла, Зеленский Владимира аьлла, украинхойн тIемалой байарца дийцаршкахь тIадам буьллур бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG