ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь шен консул хIоттийна къобалъязчу Ичкерино


Шулипа Юрий
Шулипа Юрий

Нохчийчоьнан республикан къобалъязчу Ичкерин арахьарчу министрийн кабинетан куьйгалхочо Закаев Ахьмада куьйгъяздина Украинехь консул хIоттош. Шулипа Юрий ву иза. Сацам тIеэцна Закаев Украинехь хиллачул тIаьхьа а, украинхойн Iедалхойн векалшца а, нохчийн диаспорица а, юкъараллин гIуллакхдархошца а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа, яздо Кавказ.Реалиино.

Бинчу сацамехь яздо, сийлахь консул хIоттийна "арахьарчу политикехь тIаьххьара директиваш бахьана долуш Нохчийчоьнан Ичкерия Республикан дипломатин корпусан болх жигара баккхархьама а, чIагIбархьама а".

"Нохчийн а, украинхойн къаьмнийн интересашна гIо латтор ду оха. Иштта Iалашо ю, Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойн батальонашна накъосталла дан, царна легализаци яран хатттар листа а, Украинан тIеман гIирсашна юкъайогIучу, беларусхойн Кастусь Калиновскийн батальонан полкан масална тIехь шоръеш", - дийцина Кавказ.Реалиина Шулипас.

Официалан биографица, 43 шо долу Шулипа Юрий оьрсийн а, украинхойн а юрист ву, юкъаралхо ву. 20I14-чу шарера дуьйна Украинехь вехаш ву, "Къоман политикан Институтан" дуьненаюкъара ассоциацин коьртехь ву иза, монографийн автор ву, шайлахь иштта "Дозанал арахьа муха бойу Путина", книгаш а, методикан белхаш а язбина цо.

  • Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад волуш, цхьанакхийтира Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкара нохчийн тIемалошца а.
  • 20I3-чу шарахь Туркойчохь вийра Нохчимйчуьра вахархо Унлю Медет. «Ичкерин сийлахь консул» лорура цо ша.
  • Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах нохчийн лаамхойн батальонаш ю Украинехьа тIемаш беш. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза – Зазадокху-беттан яюьххьехь а, Охан-бутт бовш а- кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь. Цкъачунна нохчийн батальонийн могIаршкахь ямартхой хаабелла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG