ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь вийначу кхин а масех нохчочух дийца даьккхина


Киевна гергарчу Бровары гIалахь КПП-на динчу тохаршкахь йохийна машен, Зазадокху-беттан 1-ра де, 2022 шо
Киевна гергарчу Бровары гIалахь КПП-на динчу тохаршкахь йохийна машен, Зазадокху-беттан 1-ра де, 2022 шо

Оппозицин нохчийн блогерша а, телеграм-каналаша а хаамаш бо Украинехь байъинчу Нохчийчуьрчу эскархойх. Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана зорбане яьхна, байинчийн гергарчара а, бевза-безачара а кадамаш беш зорбане даьхначу суьртийн скриншоташ, яздо Кавказ.Реалиино.

Иштта яржийна, нохчийн маттахь зудчо, шен виъе а кIант вийна бохуш, дуьйцу аудиош.

"Хьо цуьнга сатуьйсуш Iа, цхьаммо а бехкаш ца доху хьоьгара. Виъ кIант дIаваоьллина ас айса а. Дала тIаьхьакхиайойла хьо царна! Массо а кIант дийна, могуш цIа верзавойла", - боху зудчо.

Халитовс дIахьедина, шегарчу хаамашца, оцу аудио тIехь къамел дечу зудчун виъ кIант Украинехь дIакхелхина ву аьлла.

Нохчийн эскархой байъарх хаамаш баьржина иштта вацапан чаташкахь а, иштта инстаграм-аккаунташкахь а.

Зорбане яьхначу скриншоташ тIехь гуш ю тIетегначу асанаш тIера масех нохчийн фамилеш, чIагIдарехь, байъинчу салтийн. Оцу заманчохь Украинан дозана тIехь Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана официалехь бинчу хаамашца, Нохчийчуьра бигначех шиъ бен кхалхарх хоуьйтуш дац.

  • Украине гIоьртинчу заманчохь оьрсийн тIеман гIуллакхдархой байъарх дIахьедира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс а, ГIалмакхойчоьнан урхалхочо Хасиков Батус а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, Краснодаран мехкан губернаторо Кондратьев Вениамина а, Астраханан кIоштан губернаторо Бабушкин Игоря а.
  • Зазадокху-беттан 6-чохь хааме даьккхира, Дагестанера кхин а мел кIезиг а, кхоъ вийна Оьрсийчоь Украинана тIелеттачохь аьлла. Дагестанан Табасаранскан кIоштарчу Хучни эвлара ву шиъ, цхьаъ Карабудахкентан кIоштан вахархо ву. Меттигерчу администрацеша официалан агIонашкахь дIахьедина уьш кхалхарх.
  • Украинан тIеман эскарийн инарла штабо довзийтира, Оьрсийчоьнан байъинчу эскархойх карладаьхна ларарш Зазадокху-беттан 7-чохь ВСУ-но хаамбира, Оьрсийчоьнан агIор 11 эзар стаг вийна аьлла, лазийнарш оцу тептарехь цахилар билгалдоккхуш.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло бакъдира Чиллан-беттан 27-чохь Оьрсийчоьнан эскархошлахь эшамаш хилар, амма билггал долу терахь ца далийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG