ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь йийсаре лецна кадыровхой оьрсийн агIоно уггар хьалха хуьйцу


Кадыровхой Мариуполехь, 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де
Кадыровхой Мариуполехь, 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де

Украинерчу тIамехь йийсаре лецначу оьрсийн эскархойх оьрсийн агIоно уггар хьалха хуьйцу шайх кадыровхой олурш – Нохчийчохь йолахойх вовшахтоьхна тIеман хьукматаш ю уьш, доккхачу декъанна нохчех кхоьллина. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн хьасташа.

Украинхойн журналиста, "Ищи своих" телеграмерчу каналан авторо Золкин Владимира дIахьедира, наха сагIийна кхоьхьуьйтучу ахчах кхоьллина украинхойн эскархошна совгIаташ даларан программа ю, цара украинхошна дуьхьал хийца йиш йолу оьрсийн салтий йийсаре лацарна дуьхьал ло и ахча. Лецначу оьрсийн схьабевлла меттигех а, тIеман чинах а боьзна бу совгIатийн барам: сепаратистийн "ДНР-н", "ЛНР-н" тIеман хьукматийн декъашхо лацарна 200 доллар хьоьху, оьрсийн эскаран лахара офицер лацарна 400 доллар.

Уггар лакхара совгIат – 600 доллар – йийсаре лецначу кадыровхошна дуьхьал ло. Золкина бахарехь, "ДНР", "ЛНР" шех олучийн салтеш "царна (оьрсийн агIонна. – Редакцин билг.) адамаш ца хета, чIогIа ледара хуьйцу уьш, амма кадыровхой инзаре нах хетачух тера ду царна, уьш вуно дика дIаоьцу".

И хаам тIечIагIбо Украинин агIо лаьцна тIом беш волчу Гуьржийн легионерчу буьйранчас Мамулашвили Мамукас. Украинхойн журналистан Пейчев Сергейн YouTube-каналана интервью луш цо дIахьедира, "чIогIа мах болуш бу нохчех схьабевлла йийсархой, уьш масех сахьтехь хуьйцу".

Мамулашвилис бахарехь, бахьана ду – "царна (хетарехь, юьйцург "кадыровхойн" тобанийн йа республикан куьйгалла ю. – билг.) ца лаьа шайн эскархой юьхьIаьржа хIуьттуш ган… Уьш кхоьру, 24 сахьтехь йийсарехь валлийна волу стаг юьхьIаьржа хир ву, камерана хьалха велха а хIуттур ву – иза ишта хир а ду".

Мамулашвилис билгалдаьккхира, йийсаре лецна болу оьрсийн эскархой Гуьржийн легионо украинхойн лерринчу хьукматашка дIало.

  • Товбеца-баттахь видео гучуелира, хетарехь, оьрсийн эскархочо Iазапехь латтош украинхойн йийсархо а гойтуш, цо канцеларан уьрсаца боьршачу стеган меже схьайоккху. Bellingcat-н а, The Insider гIирсийн талламхоша билгалваьккхира иза дина хила мега стаг, "Ахмат" батальонера хила тарло бохура иза.
  • Стигалкъекъа-беттан чакхенехь Алаудинов Аптис бехк цабиллар дийхира, Северодонецкерчу цхьахволчу йийсаре лаьцначу эпсаран бIаьргийн кIелонаш Iаржъелла хиларна. Кадыров Рамзана гуш-хезаш дIахьедира тIаккха "бехзказавийла хьашт дац", аьлла. "Вайна массарна а хууш ду, чевнаш йийсархачунна шен бехкаца кхаьчна хилар, цаххуш кIомсаршна тIе а ваьлла. Хуьлуш хуьлу. Зуда ялаяле йоьрзур ю", - яздина цо телеграмерчу каналехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG