ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа тIемаш бечу командиран гергарнаш дIабигинера Нохчийчохь


Украинехьа тIемаш бечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан эскархой, Киевна гергахь хиллачу Iаморашкахь, марсхьокху-беттан 27-гIа 2022 ш
Украинехьа тIемаш бечу Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан эскархой, Киевна гергахь хиллачу Iаморашкахь, марсхьокху-беттан 27-гIа 2022 ш

Украинехьа тIемаш бечу лаамхойн Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан цхьахволчу командиран Мадиев Муслиман масийтта гергара стаг дIавигинера Нохчийчохь ницкъахоша "къамелдан" аьлла.

Оппзицин 1АДАТ телеграм-каналана Мадиевс интервью еллачул тIаьхьа хилла хIума ду иза, чIагIдо паблико. Хьал девзачу Кавказ.Реалии редакцин хьасто хаамбира, карарчу хенахь боллу гергарнаш дIахецна аьлла.

"Масех дийнахь цкъа цхьаъ вуьгуш, юха важа вуьгуш, лецнера уьш, амма къамелаш динчул тIаьхьа маьрша битина", - хаамбина редакцица къамелдинчо.

Украинан агIор тIемаш беш ду масех нохчийн дакъа – Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир Осмаев Адам) а, ВСУ-н структурин декъехь "Акха арданг" отряд а, иштта Шейх Мансуран цIарах ЧIебирлойн Муслима буьйралла ден батальон а – лаамхойн тобанан бакъонаш тIехь. Кадыровс миллион долларшкахь мах лур бу аьллера, Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а украинхойн батальонийн командираш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а волу меттиг бийцинчунна.

  • Товбеца-баттахь Шейх Мансуран цIарахчу батальонан векало Белокиев Имлама хаамбира Нохчийчохь дуьхьало йолорах а, махкана деоккупаци ярх а. Республика кхаа фронте (Северный, Центральный, Южный) екъна карта гайтира Белокиевс. Цо бахарехь, хIора секторехь болх болийна меттигерчу бахархошца полисхойх а, церан дакъош латточу меттигех а, церан гIирсех а информаци лехьош.
  • Информаци тIечIагIйира къобалъязчу Ичкерин президент хиллачу Масхадов Анзоран кIанта а. И дIахьедарш динчул тIаьхьа машанехь видео гучуелира, цу тIехь яххьаш къевлинчу шина стага ягайо Нохчийчоьнан байракх, бехкево мехкан хилла куьйгалхо Кадыров Ахьмад федералан эскархойн карах ши тIом боьдучу заманчохь шайн дай-наной баларна. Шейх Мансуран цIарахчу батальонехь хаамбира, Кадыровна джихIад кхайкхочу нахаца шайн хIуммаъ дац аьлла.
  • Царна жоп луш Кадыров Рамзан вистхилира тахана Украина Iалашъйечу къобалъязчу Ичкерин агIончашка, - чIир хьейира цо, ша велла дIаваллалц царна тIаьхьаваьлла лелар ву ша аьлла, чIагIо йеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG