ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа тIом бечу ОБОН нохчийн тобанан хилла декъахо Соьлжа-гIала веана


Джамбетов Хьусейн
Джамбетов Хьусейн

Украинехьа тIом бечу нохчийн ОБОН батальонан декъахо, диверсин тобанан хилла буьйранча Джамбетов Хьусейн Соьлжа-гIала кхаьчна. Шеларчу маьждигехь ша цIакхачарах йаьккхина видео хIоттийна цо машанашка. Иза хиллачул тIаьхьа батальонехь болучара "йамартхо" ву элира цунна. Муьлхачу даржехь волуш дIатесна цо батальон, хIинца цаьрца цуьнан уьйр йу, йац цара билгал ца даьккхира.

"Соьлжа-гIала цхьамма нуьцкъала валийна вац" ша аьлла, дIахьедира Джамбетовс. Ша цIаваран бахьана довзийтира цо "дерриге талла, хьажа, Iуьйра-ламазе дукха адам догIу, ца догIу хаархьама, меттигерчу эскархойн динаца мел бала бу талла дагахь".

ОБОН нохчийн батальонан буйранчин гIоьнчас Амаев Зумсос Кавказ. Реалии корреспонденте Джамбетов йамартхо ву, элира. Кхиндерг ца олуш, IадIийра иза.

Аренца йолчу Ичкерин куьйгаллин хьалханчица Закаев Ахьмадца шен хиллачу дардацарах хьалхо дийцира Джамбетовс. ОБОН Закаевн омраца вовшахтоьхна йара, Украинин интерлегионан декъехь йолуш.

Нохчойчохь Джамбетовн цIарах бехктакхаман гIуллакх гIатторах хаам баьржира гIадужу-баттахь. ГIуллакх терроризман йукъаралла вовшахтохар артиклаца долийна дара. Ичкерия Нохчийн республикин тIеман ницкъашлахь йолу ОБОН "тер-йукъаралла" аьлла билгалйаьккхина йу, амма пачхьалкхехь террорхой леринчеран тептарехь йац.

Девзачу хьосташа дийцарехь, 40 шо долу Джамбетов Хьусейн Хьалха-МартантIехь дуьненчу ваьлла ву. Нохчийчуьра шолгIа тIом дIабаьлча, Бельги пачхьалкхе дIавахана вара. Товбецан-баттахь иза дIакхийтира ОБОН цхьанакхетарах. Хаамийн - зерийн декъан куьйгалхо даржехь, майор волуш, болх бира цо. Цуьнан шолгIа цIе йара "Бандера". 2022-чу шеран гурахь Кавказ. Реалии сайтаца динчу къамелехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир "дуьненан коьрта мостагI" ву аьлла, дIахьедира цо.

  • Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
  • Ичкерин жигархо, нохчийн политэмигрантан Закаев Ахьмадан бIанакъост, йеххачу заманчохь ша Ичкерин министрийн кабинетан векал йу бохуш, лелла Мицаева Рубати Нохчийчу йеара 2021-чу шеран гIуран-баттахь. Аэропортехь цунна дуьхьал баьхкинера Iедалан векалш. Оццу сарахь шен резиденцехь тIеийцира иза мехкан урхалхочо.
  • Кадыровга ша цIайига олуш, дIахьедар далале хьалха, Мицаевас Нохчийчу йахийтира шен ши йоI. Царехь цхьаъ - Суниат - Кадыровн ненан сурт дуьллуш республикехь дIабаьхьначу къовсамехь туьйлира. Цу хьокъехь хаамийн, зорбанан министро Дудаев Ахьмада цунна преми а йелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG