ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера а, Нохчийчуьра а схьабевллачара тIамна дуьхьала акци дIаяьхьна Венехь


Венера акци, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де
Венера акци, 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де

ТIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин Австрерчу векалто а, юкъараллин цхьанакхетараллаша а, украинхойн диаспоро а Оьрсийчоьно болийначу тIемашна хьажийна митинг а суьртийн гайтам а хIоттийра. Австри фашизмех кIелхьарайоккхуш кхелхинчу советийн эскархошна лерина Шварценбергплац майданерчу хIолламна уллохь дIаяьхьира акци.

Путин коьртехь волуш Оьрсийчоьнан политикан, тIеман ницкъаша нохчийн къоманна дуьхьала лелийна зуламаш таллар тIедожийра гулбеллачара. Оьрсийн-нохчийн шина тIамехь кхелхинчарна а, Украинехь хIинца йоьдучу тIеман агрессина лерина яра митинг. БIе гергга стаг гулвелира акце.

Барамехь дакъа лаьцна йолчу тIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан украинхошка хьажийна кхайкхам дIабийшира: "Стигалкъекъа-беттан 9-чу денна хьажийначу парадашна меттана вай дагалоцу Нохчийчуьра а, Украинера а байъинчу нехан иэс. Нохчийн къомо а, миллионаш наха а Оьрсийчоьно дохучу тIемаша Iадийна болчу украинхошна а, Украинана шайн дог лазар гайтина".

Жигархойн бистхиларал совнаха, оьрсийн эскарша дайъинчу берийн суьртийн гайтам хIоттийра майданехь. Иштта "Путинна лерина цIелиг [клетка]" гойтуш перформанс хIоттийра.

  • Боккха Сийлахьчу тIамехь Стилгалкъекъа-беттан 9-хь долчу толаман Денна лерина Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан Къилбан а регионашкахь даздаран барамаш ду хIиттош. Украинехь оьрсийн тIеман агрессин символаш хиллачу "Z" а, "V" элпаш леладо барамашкахь а, царна цIерш тохкуш а. "Бессмертный полк" кхоьллинчара тIейогIучу ханна хинболчу барамашца шайн доьзна ца дозар дIахьедина, акцин дуьххьаралера чулацам байна хиларна.
  • Стигалкъекъа-беттан 9-гIа де - Украинерчу тIеман 75-гIа де ду. Луганскан кIоштарчу Белогоровкерчу школана тIе тохар дича маьрша нах байъина. Оцу махкара Севередонецкан, Лисичанскан кIошташкахь дIахьош шога тийсдаларш ду. Адамийн бакъонехула йолчу ООН-н лакхарчу комиссаран урхалло Украинехь беллачу маьршачу нехан терахь хазийна: Чиллан-беттан 24-чу дийнера Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийне кхачалц вийна 3 309 стаг, 3 493 лазийна, дуьйцу урхаллан хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG