ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера еддачул тIаьхьа лаьцначу Нохчийчуьра яхархочуьнгахьа акци дIаяьхьна Австрехь


Нохчийчуьра Гериханова Аминина тIехIуттуш хIиттийна пикеташ. Вена, 2022 шо, Зазадокху-бутт
Нохчийчуьра Гериханова Аминина тIехIуттуш хIиттийна пикеташ. Вена, 2022 шо, Зазадокху-бутт

МухIажаршца цхьаьна Украинера шен бераца арайолучу хенахь, Оьрсийчоьнан дехарца лаьцначу Нохчийчуьрчу яхархочунна Гериханова Аминина депортаци ярна дуьхьал Венерчу Румынин векалтана хьалха вовшахкхетта, митинг дIаяьхьна. Оьрсийчоьнан талламхойн версица, цхьана герзашца вовшахкхеттачу тобанашца йоьзна хилла ю Гериханова, политикан буха тIехь лаьцна ю аьлла хета цуьнан гергарчарна.

"Зазадокху-беттан 13-чохь лецира Амина, Оьрсийчоьнан бомбанаша а, ракеташа а хIаллакъечу Украинера Румыни дехьайолучу хенахь. Оха кхайкхамбо Румынин Iедалшка, иза йен, цунна тIехь къизаллаш лелоран кхерам лаьттачу Оьрсийчоьне иза дIа ма ло аьлла", - дIахьедина Кавказ.Реалиига пикет вовшахтоьхначех йолчу, къобалъязчу Ичкерин Венерчу векало Дунаева Розас.

Нохчийн диаспора йоцург а, пикетехь дакъалецира коммерцица йоьзна йоцчу бакъоларъран Stop Deportation, Wiener Vernetzung gegen Abschiebung (нем. – "Венская сеть против депортации"), Antifa, No Border No Nation (ингалсан. – "Нет границ, нет наций"), организацеша а, иштта Австрерчу жигархоша а, бахархоша а аьлла, тIетоьхна Дунаевас. Пикете баьхкинера иштта Гериханован гергарнаш а.

Лаьцнарг Евросоюзехь йитар а, иза Оьрсийчу дIа ца хьажор а тIедожош, плакатш дара гулбеллачеран карахь. Иштта цара дийцира Интерполон системехула политикан бахьанашца пачхьалкхера арабевлла Къилбаседа Кавказера бахархой Кремлан дIабеха гIертарх а.

  • МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьанакхетараллехь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо гергга хан ю Гериханова Нохчийчуьра дIаяхна, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарчарна бакъонан гIо латтош ю нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" организаци.
  • Хьалхо Нохчийчуьрчу Бакаев Iелин гIуллакхехула экстрадицин талламбар дIадахдан сацамбина Киеверчу кхело, хаамбина бакъоларъяран "Вайфонд" организацино. Бакаев бехкево даймахкахь оьрсийн тIеман базана 2017-чу шарахь тIелатарна. Нагахь санна, ша Оьрсийчоьне дIалахь, маса Нохчийчу а вигина, ша Iазапехь валлорна, йа кхел йоцуш верна кхоьру Бакаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG