ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера кадыровхо йухавирзина. Иза кIелхьараваккхарх дуьйцура Нохчийчуьрчу Iедало а, Ичкерин агIончаша а


Мусиханов Киргиз, йийсарера йухавирзина кадыровхо. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналера скриншот
Мусиханов Киргиз, йийсарера йухавирзина кадыровхо. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналера скриншот

Украинхоша йийсаре лаьцна хилла волу лаамхо шех олург Нохчийчу йухавирзина, 38 шо долу Хьалх-Мартанера Мусиханов Киргиз ву иза. Йийсарера и маьршаваккхаран болх болийна, аьлла дIахьедира къобалйанзачу Ичкерин урхаллан хьалханчас Закаев Ахьмада, амма тIаьхьо нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада дийцира, Москохара бизнесхочун гIоьнца республикан официалан Iедал кадыровхо кIелхьараваккха гIертарх.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь дийцина ма-хиллара, Мусиханов чов йича кхаьчна йийсаре. Кадыровхочо камерана хьалха дийцина, "лаамхойн" декъехь, йа "Север-Ахмат" батальонаца масийттаза тIаме кхача гIиртина ша, амма цунна дуьхьало йинера. Хьалх-Мартанера шен доттагIчуьнца Асланбекаца и шиъ къайлаха Москва дIавахана хиллера, тIаккха цигара дIа тIемаш доьлхучу меттиге кхаьчнера.

Мусихановс бахарехь, Украине ша дIакхаьчначул тIаьхьа кхоалгIачу дийнахь тIеман тийсдаларшна йукъанисвеллера иза – цуьнан доттагI чевнаца дарбан цIийне вигира. Кадыровхочо дийцира, виъ стаг волчу тобанан декъехь украинхойн тIеман техника эккхийта новкъаваьллера ша – царах кхоъ вийра, Мусиханов йийсаре лецира.

Закаевца хиллачу цхьанакхетаран ютуберчу видео тIехь Мусихановс олу, украинхойн эскархошна шен лаамца каракхаьчна ша, амма Закаевс цуьнан къамел хададо, олу, массарна а хууш ду цо дуьхьало йина хилар, кхетамчуьра ваьллачу хенахь иза йийсаре лаьцна хилар а. Нохчийчуьра вахархо шен лаамца тIаме вахана хилар билгалдоккху политико. Масехазза дуьйцу, Киргизан ден ваша Мусиханов Асламбек оьрсийн-нохчийн тIом боьдучу юкъанна аренан буьйранча хилла хилар, тIаккха кадыровхочун да-нана Закаев схьаваьллачу юьртахь дехаш хиларх а.

"Хьан дена-нанна хьо кхузахь вуйла хиъначул тIаьхьа тхо, дерриг дIа а тессина, хьо кIелхьараваккха гIерташ хьийза. Цара (дас-нанас – билг.) 500 километр некъ бина хьан дуьхьа. Хьо кIелхьараваккха аьтто баьлла тхан, оха сатуьйсу, хьо цIакхачийта мел далург дан тхан йиш хиларе. Амма кхуза схьабогIучу наханна хаа деза, массарна тхоьга гIо далур дац", - боху Закаевс видео тIехь.

Цул тIаьхьа масех де даьлча спикеро Даудовс рогIерчу кхеташонехь дийцира, СБУ-ца дикачу зIенехь волчу вевзаш воцчу Москвара бизнехочун гIоьнца украинхойн йийсархо кадыровхочуьнца хийца гIоьртира.

"[Украинхойн агIоно жоп делира], "тхуна иза ца оьшу, тероборонера вац иза, тхуна хьакъ хир верг гайта". Мегар ду, 2-3 де хан ло, ишттаниг карора ву тхуна", - дIахьедира Даудовс.

ХIинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, Мусиханов чевнах метта а веана, юха а Украинерчу тIаме ваха дагахь ву.

  • Украинхойн парамедик Паевская Юлия ("Тайра" цIарца йевзаш ю) маьршайаьккхира мангал-баттахь. "Первый каналан" журналисто Куксенкова Иринас хаамбира, иза аннекси йинчу ГIирмерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан кIантаца, 20 шо долчу Украинан вахархочуьнца Саидов (Гриценко) Адамца хийцарх лаьцна. Иза харцдо Саидов Мурада, Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада а, иштта украинхойн блогеро, "Ищи своих" телеграмерчу каналан авторо Золкин Владимира. Охан-баттахь Саидов Адама бохура, кадыровхошкара кхерам лаьтта шегахь.
  • Украинерчу тIамехь йийсаре мел кхочуш волчу оьрсийн салтешлахь оьрсийн агIоно дуьххьара хийцабо шайх кадыровхой олурш – уьш бу Нохчийчохь вовшахтоьхначу тIеман тобанашкара рогIера ницкъахой, доккхачу декъанна нохчий. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн хьасташа. Уггар лакхара совгIат – 600 доллар – йийсаре лецначу кадыровхошна дуьхьал ло, дийцина украинхойн блогеро Золкин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG