Украинерчу тIамах дуьйцучу Римерчу Папас Франциска буряташ а, нохчий а "Украинера Оьрсийчоьнан эскарийн уггар къиза дакъа" лерина, "Iазапхой-нах белахь, уьш хьийзон нах а хила беза" аьлла, билгалдоккхуш. Цунах лаьцна дIахьедина цо America ресурсана йеллачу интервьюхь, дуьйцу "Настоящее Время" телеканало.
"Украинех лаьцна дуьйцуш, ас дуьйцу Iазапах хIаллакхиллачу къомах. Iазапхой хилларш шун белахь, бу царна тIехь и бала хьоьгуьйтурш а. Украинех лаьцна ас дуьйцуш, ас дуьйцу къизаллех, хIунда аьлча, чудалийначу эскарийн къизаллех соьгахь дуккха а хаамаш болу дела. Гуттар а санна, уггар къиза хуьлу Оьрсийчуьра, амма оьрсийн ламастех боцурш, буряташ а, нохчий а, иштта кхин дIа а", - аьлла папас Франциска.
Понтификан дешнашна жоп лучу МИД-н официалан векало Захарова Марияс ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь дIахьедина, нохчех а, бурятех а папас аьлларг – "кхин ца хиллал сийсаздаьккхина хIума ду".
"ХIара русофоби яц, хIара сийсазалла ю, хаац муьлхачу тIегIанера ю Дагадаитийша, 90-чу шерашкахь – 2000-гIа шерийн юьххьехь кхин дуьйцура вайга, Кавказан къаьмнаш хьийзораш оьрсий а, славянаш а бу бохуш, ткъа хIинца боху оьрсашна тIехь Iазап хьоьгуьйтурш Кавказан къаьмнаш ду. Оццул бакъдерг сийсаздаккхар доккху хIума ду, - билгалдаьккхина цо.
Шена догIучу декъанна Бурятин куьйгалхочо Цыденов Алексейс дIахьедина, "Бурятин тIемалоша сий лардеш кхочушдо шайн декхар, Оьрсийчоьнан армин тоьллачу ламастийн масал хилла царех" аьлла.
"Къаьстинчу къаьмнийн – маьрша нах Iалашбечу бурятийн а, нохчийн а къизаллех лаьцна католикан килсан хьалханчера иштта хьесап дар хазар – чIогIа тамашен ду. Шаьш цивилан къаьмнийн векалш ду бохучара гIаланаш, пачхьалкхаш хIаллакйина хиларан дуккха а масалш девза историна", - билгалдаьккхина цо.
- Хьалхо Европарламентан депутаташа резолюци тIеийцира, Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх ю аьлла, иштта тIедожийра Нохчийчуьра Кадыровн Ахьмадан цIарах 141-ра леррина полк террорхойн организацех дIатоха аьлла. Охан-баттахь украинхойн Iедалхоша и дакъа, "Север" полк аьлча дика девзаш долу, бехкедира Бучехь, Ирпенехь, Гостомелехь маьрша нах байарна.
- Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Риман Франциск папас хаамбира, Москван а, йоллу Русин патриархаца Кириллца Украинерчу тIамах лаьцна къамел дина ша. Франциска бахарехь, 40 минотехь гергга къамелаш динера цу шиммо Zoomехь. Хьалхарчу 20 минотехь карарчу кехата тIера дIадешнера кхунна Орсийчоь Украине "гIортар бакъден бахьанех" лаьцна. "Машаре некъ лаха беза" ша Кириллца аьллера понтифика. "Патриархах Путинан "алтарник" хуьлийла ма дац", - аьллера къамелан чулацамех дуьйцуш Риман папас.
- Цуьнца доьзна Москварчу патриархатан арахьарчу килсийн зIенийн декъо стигалкъекъа-беттан 4-чохь комментарий йаржийра, Франциско "корректе доцчу кепехь дIабийцина оцу къамелан чулацам" аьлла.