ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу эскархошлахь хилла саботаж къайлаяхьа хьийза Нохчийчуьра полкан куьйгалла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Шела гIалара 70-чу полкан 42-чу дивизин масех дакъа дуьхьалдаьлла Украинехь тIом бан, цара тIедожийна шаьш Оьрсийчу юхадигар. Салтий шаьш бохург дан дуьхьалбовлар лачкъон гIерта куьйгалла, хаамбина Украинан тIеман министраллан таллархойн коьртачу урхалло.

Шайн реза цахилар диллина дIахьедийраш, дакъойн командираша тIемаш боьлхучу уггар а кхерамечу меттигашка хьийсабо, ткъа Оьрсийчу юхабаха луурш билгалбаха Iалашонца дакъошна юкъабалабо 58-чу юкъарчу армин ФСБ-н белхахой, хаамбо къайлахчу сервисаша.

Хьалхо «Украинская правда» гIирсо видео яржийра, йийсаре лаьцначу Шеларчу 70-чу полкан командиран Шалаев Юрийн телефон чохь карийначу роликашна тIехь кечйина. Хааме даьккхира, лейтенант Мурманскан кIоштахь вина хилар, Нохчийчохь гIуллакх деш, тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь Оьрсийчоьнан эскарийн декъехь Украине вахана хилар а. Охан-беттан юьххьехь каравахара иза.

Кавказ.Реалиина иштта хууш ю, Украинерчу тIамехь кхелхинчу, Шеларчу декъан эскархочун цIе. Иза ву 35 шо долу Дагестанера Шихмагомедов Марат – лакхара сержант, взводан командиран гIовс. Охан-беттан 11-чохь велла иза дуккхаъ гаьргаша йинчу чевнех, хетарехь хIара хилале 10 де хьалха.

ТIамехь болчу 70-чу полкан бIахойх билггал долу терахь хууш дац, хIинца а къаьстина дац – хоуьйтуш дац, тIом бан дуьхьал маса салтий ву.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьххьара официалехь дIахаийтира, республикера Украине маса эскархо вахийтина – цо билгалдаккхарца, вуьйцург ву кхо эзар гергга стаг. Кадыровс буьйцурш лаамхой бара, йа оцу терахь юкъахь ду иштта официалан тIеман дакъош а – хууш дац. Кхул а масех де хьалха Украинан тIеман министралло зорбане даьккхира, Зазадокху-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар. Цу тIехь ю 2425 цIе, царех бIе гергга вийна лоруш ву.

  • Нальчикерчу гарнизонан тIеман кхелехь листа долийна 115 Росгвардин белхахочун хьокъехь гIуллакх, Украине тIом бан дуьхьал хилла, шаьш Оьрсийчу дIадига аьлла, тIедожийча балхара дIабаьхнера уьш.
  • Охан-баттахь бакъонашларъяран «Агора» тобанан куьйгалхочо Чиков Павела дийцира, 17 гIаларчу, шайлахь Краснодар, Буьри-ГIала а, Нальчик а, Черкесск а, Ставрополь а йолуш, эскархоша а, Росгвардин белхахоша а кхайкхамаш барх. Чиковс бахарехь, цара массара а дIахьедора шайна тIеIаткъам барх, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, балхара дохор ду бохуш, кхерамаш тийсарх, нагахь санна, Украине ца долхахь.
  • Краснодарерчу Росгвардин ОМОН-н «Пластун» ротера 12 эскархо дIаваьккхира, Оьрсийчоьнан Украинерчу тIамехь дакъалацархьама аннекси йинчу ГIирмехь Украинан доза хадо дуьхьал ваьлча. Шайга дина омра низамца дац аьлла, мах хадийра Кубанерчу росгвардхоша. ТIаьхьо къаьстира, «дуьхьалбевлларш» балхара дIабохуш бу, царна беш Iаткъам а бу аьлла. Адвоката Беньяш Михаила хаамбира, бакъонан бух боцуш шаьш балхара дIадахарх искаш чуеллачу 12 омонхочух 9-ммо шайн аьрзнаш юхаийцира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG