ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIаме хьийсийначу Нохчийчуьрчу бахархойн терахь хьахийна республикехь


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

БархI эзар сов стаг хьажийна Нохчийчуьра Украинана дуьхьала Оьрсийчоьно бечу тIамехь дакъа лаца. Оцу терахьна юкъавогIу 1794 кхечу регионашкара йолах эцнарг, иштта 1360 Нохчийчуьра "лаамхо". Республикера лаамхой бу бохурш тIаме хьийсор нуьцкъах хуьлу бохуш дуьйцура хьалхо бакъоларъярхоша.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада ЧГТРК "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлехь хьахийна Украине хьийсийначийн терахь. Даудовс бахарехь, 8172 стаг – иза республикера Украине бахийтинчу берриг нехан терахь ду, цига юкъа богIу ницкъахой санна, "лаамхой" а.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, Мангал-беттан 3-хь Украинехь бара Нохчийчуьра хьийсийна 3000 "лаамхо", царах 1400 – нохчий.

Нохчийн бакъонашларъяран организациша а, блогерша а дийцина, республикера "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме бигархьама лечкъабечу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.

  • Украинаца боьдучу тIеман теми тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша шена пиар ярехь коьртачех бу Нохчийчуьра "лаамхой". Юьхьанца цо дIахьедора, меттигера бахархой кийча бу тIамехь дакъалаца бохуш, тIаьхьо гучуделира, "бехкалабахна" ницкъахой а, Кадыровн критикийн гергарнаш а тIаме ийзош хиларх, кхин а цхьа хан яьлча "лаамхой" леца буьйлабелира ахчанах.
  • Кадыровс дош делира, Украине тIом бан воьдучу хIора "лаамхочунна" 300 эзар сом лур ду аьлла. Масех кIира даьлча и ахча далар сацийра.
  • Нохчийн пачхьалкхан зорбанан гIирсаша дIакхайкхийна, Украинана дуьхьал бечу тIаме "баха луурш" муьлхачу барамашца къестор болуш бу. ТIемаш боьлхучу меттиге хьийсорах лаьцна хаамашкахь билгалъяьккхина телефонан номер дIаязйина ю бIе абоненто тайп-тайпанчу цIерашца. Царлахь ю "ЧВК", "Наемник", "Грозный ЧВК". ЧВК – долара тIеман компанеш ю – Оьрсийчохь официалехь йихкина ю уьш. Иза лелор Зуламан кодексан "Йолах эцар" олучу Iедалан къепехула дихкина ду.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG