ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь лелон Нохчийчоьнна гIагI диллина техника шаьш ца йелла аьлла Китай пачхьалкхо


Китайхь йина хила тарлуш йолу Соьлжа-ГIалахь лаьтташ йолу тIеман транспорт
Китайхь йина хила тарлуш йолу Соьлжа-ГIалахь лаьтташ йолу тIеман транспорт

Оьрсийчуьра нохчийн эскаршна Украинехь тIом бан Китайхь йина гIагI диллина техника йаларна шаьш аьттехьа дац, аьлла дIахьедина Пекино. Цунах лаьцна йаздина пачхьалкхан ТАСС агенталло. И хаам Китайн халкъан республикин арахьарчу гIуллакхийн министраллин векалийн брифингана тIетовжарца бина. Урхаллин сайтехь цу брифингах дерг цкъачунна хьахийна дац.

ГIагI диллина техника хьалхо хаайелира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йаржийначу виде тIехь. Ша республикерчу "Ахмат" батальонна оьшу гIирс оьцуш ву аьлла, дийцира цо. Видеохь гуш йу бархI гIагI диллина China Tiger машен. Стенгахь, маца, хьан эцна, хьан Соьлжа-ГIала схьайеана уьш – хууш дац.

Китайно Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнна лелон тайп-тайпана техника а, цунна оьшу гIирс а латтош хиларах массийттаза дийцира кхечу пачхьалкхашкарчу хаамийн хьостанаша. Пекино и техника ша ца йелла олий, дIахададо.

  • Хьалхо Кадыров Рамзанан телеграм-каналерчу видеошкахула Кавказ.Реалиин редакцина къаьстира, Украинина дуьхьал болчу тIамехь кадыровхоша муха барзакъ леладо – церан амуници къаьсташ йара регламентехь магийначух. Американ санкцийн тептаршка баьхначу кадыровхойн командирашна хазахеташ хиллера америкахойн массо а хIума, ткъа церан куьйгакIелара эскархошна мегаш йара америкахойн гоьйевллачу брендийн йорах йолу репликаш.
  • Украинехь тIом иккхичхьана Кадыров Ахьмадан цIарахчу Йукъараллин гIоьналлин фондан болх масийттазза шорбелла хаало. ХIинца шаьш дIалецначу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ доькъу цара, гIоьналла дар лору кеманаш, гIагI диллина машенаш, тIеман экипировка а эцар.
  • Украинина тохарш дан лерина Оьрсийчоьнан эскаро эцна иштта гIажаройн дронаш-камикадзеш а, ГIирмин латташ тIера ца йеш, хIинца Краснодаран кIоштан дозанаш тIера дIахьежайо цара уьш, дIахьедира стохкалера шо довш Британин тIеман министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG