ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехьа митинг дIаяьхьна Израилехь. Нохчийчуьра бахархоша дакъалаьцна цу юкъахь


Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно йинчу агрессина тIетовш хIоттийна митинг. Израиль, Зазадокху-беттан 25-гIа, 2022 шо
Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно йинчу агрессина тIетовш хIоттийна митинг. Израиль, Зазадокху-беттан 25-гIа, 2022 шо

Израилера Нетания гIалахь Оьрсийчоьнан президентан агIончаша акци хIоттийнера Украинана дуьхьал бечу тIамна тIетовш. Масех иттаннашкахь Израилан а, Оьрсийчоьнан а, нохчийн а байракхашца нах гулбеллера Шлулит ха-Хорев (гочдича -"Iаьнан Iам")паркехь.

Кавказ.Реалиин корреспонденте акци хIоттийначара дийцарехь, цара бартбинера иза фейсбукехь дIаяхьа. Бараман цхьахйолчу декъашхочо, меттигерчу Марина цIе йолчу яхархочо, дIахьедира, Израилан телеканалашкахь Украинерчу хьолах лаьцна "цхьана агIор бен" дуьйцуш цахиларх.

Нохчийн диаспоран векало Аматиев Рустама дIахьедира Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелехь, шен махкара гергарнаш Оьрсийчоьнехьа Украинехь тIемаш беш бу.

"Со Израилехь Iаш ву, со бусулба а ву. Со тIетов сайн махкахошна а, вежаршна а, йижаршна а. Оьрсийчохь сан дуккха доттагIий а, бевза-безарш а бу. Дукхаболчара емалдахь а, со гуттар а цаьргахьа ву. Ас цхьатерра хьалаойбур ю оьрсийн а, нохчийн а байракхаш. Оьрсийчоь агрессор лору, амма со цуьнгахьа ву. Суна сайн пачхьалкх а, сайн республика, сайн къам а, вежараллин къаьмнаш а деза", - дIахьедина митинган декъашхочо.

Къамел динчо дийцина, Зазадокху-беттан Iуьйранна Ришон-ле-Ционера Нетани кхаччалц машенаш хахкарехь ша дакъалацарх Украинехь Оьрсийчоьно лелочунна тIетовш.

Митингехь хазийра Газманов Олеган иллеш а, кхиндолу патриотикан иллеш а, дуьйцу Кавказ.Реалиин корреспонденто. Акцин декъашхоша маьхьарий деттара "Вайгахь хир бу толам!", "Тхо фашизмна дуьхьал ду!", "Нацизм чекхъер яц!" бохуш. Цул тIаьхьа гулбелларш рогI-рогIана микрофонна тIе а богIуш, Украинана лен хIиттира, цуьнан Iедалхойх бандеровцаш бохуш, террризмна бехкебеш. Акцин декъашхоша дийцарехь, царна хаьа Украинерчу Оьрсийчоьнан эскаран эшамах а, миллионашкахь нах мухIажарш бийларх а, амма "нацизмах кIелхьарбахархьама", ца дича йиш йоцург дара.

Израилан полици яра Оьрсийчоьнехьа митинг ларъеш. Украинхойн байракхашца парке жигархой баьхкича, вовшахтасадаларш ца хилийта, юкъагIорта дийзира полицин.

Украинхойн агIор акцехь хиллачо дийцира Кавказ.Реалиина, Оьрсийчоьнан агрессин агIончашца дуьхь-дуьхьалкхетаран кхерамах.

"МухIажаршна лерина гIалин юккъехь барам хIотто дийзира оцу демонстрацица уьш ца Iиттабалийта. ТIамах девдда бераш хIинца кхоьру лоппарг эккхаш а, волонтераша лардо уьш", - дийцина къамел дечо.

  • Зазадокху-беттан 25-чохь 30-гIа де ду Оьрсийчоьно Украинана тIелатар долийна. Оцу хеначохь 206 Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а бIаьхо велла. Кавказ.Реалиина цIераш хуурш бу уьш, билггал долу терахь кхин а лакхара хила тарло.
  • ООН-н хаамашца, Украинехь 953 маьрша вахархо вийна, 1557 стагана чевнаш йина. 3,5 миллион ву мухIажир ваьлларг, ткъа мухIажарийн а, кхалхархойн дуьззина терахь ду Украинан бахархойн доьалгIа дакъа гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG