ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн депутато 1 миллион гривнаш лур ду аьлла Туркойчуьра Кадыровн бIанакъост лаьцначунна


Даниил Мартынов а, Кадыров Рамзан а, 2021 шо
Даниил Мартынов а, Кадыров Рамзан а, 2021 шо

Украинхойн Лакхарчу Радера "Маьршачу Кавказехьа" фракцешна юкъара депутатийн тоба вовшахтоьхначу Гончаренко Алексейс кхаъ лур бу аьлла тIеман зуламашна бехкевен Мартынов Даниил Трукойчохь лаьцначунна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнчан даржехь вара Мартынов, Туркойчохь орцанхойн операцин дакъалоцуш ву иза МЧС-н куьйгалхочун гIовс санна.

"Дикачу нахана ахчанца гIодан кийча ву со, Туркойчохь а, Оьрсийчохь а Мартынов ца хилийта. Миллион [гривнаш] тоьар ду аьлла хета суна. Мах шозза совбаккха луучуо – йазде", -дIахьедина Гончаренкос шен телеграм-каналехь.

Нохчийн Iедалхоша цкъачунна йина комментарий йац оцу дIахьедарх лаьцна йина.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинан къайлахчу сервисаша официалехь бехкевира Мартынов къоман бехкзуламан кодексан Iедалан къепехула тIеман ламасташ а, низамаш а дохорна а тIеман йийсархошца а, маьрша бахархошца а къизаллаш лелорна а.

Урхаллин версица, 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Мартыновс ша куьйгалла дира Киевн кIоштара Бородянскан психоневрологин интернат схьайоккхуш. 500 гергга стаг, шайлахь цомгашберш а, персонал а, меттигера бахархой а, иштта меттахь висина 100 сов дархо а волуш, закъалте ийцира. ПНИ-на тIегIойлана минаш йехкинера, ткха интернат чохь дIатарйинера Оьрсийчоьнан эскаран ипозици. Иштта, дуьйцург ду могIарерчу бахархошца лелийнарг а, бертаза уьш сецор, дийна турс санна царех пайдаэцар а.

Мартынов лору ишта "Оьрсийчоьнан спецназан университет" Гуьмсехь кхоьллинарг а (документашца спортан-кхийсархойн клуб), Украине тIом бан хьийсо йоллу Оьрсийчоьнан регионашкара лаамхой олурш цигахь кечбо "Ахмат" полкан декъехь. ТIамехь даъалацарна даккхий ахчанаш лур ду олу царна, нагахь санна, кхалхар нислахь, церан доьзалшна компенсацеш.

  • Хьалхо Кадыров Рамзана кхайкхамбира Украинан агIор тIемаш бечу нохчитйн лаамхойн батальонийн эскархошка, Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командирийн – Осмаев Адаман а, ЧIебирлойн Муслиман а координаташ йийцинчунна кхаъ лур бу аьлла. Кадыровс шозза миллион США-н долларш кхайкхийра "церан коьртех". Ахча лун дерг, чIагIдора цо, цхьа "патриот" ву аьлла. ХIетте а, оцу батальонашкахь болчарна дош ца хийтира цуьнан кхерамаш.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Юьхьанца цуьнан декъехь вара итт оппозицин а, урхаллин а партера депутат. Тобанан куьйгаллехь вара депутат Гончаренко Алексей. Хьалхо, стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьийхира чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалйар.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG