Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнчас Алаудинов Аптис бехк цабиллар дехна, Северодонецкерчу цхьахволчу йийсаре лаьцначу эпсаран бIаьргийн кIелонаш Iаржъелла хиларна.
"Иштта нисделла, бертахь карадуьйла аьлча, ла ца догIарна", - аьлла Алаудиновс.
Шен постехь йинчу комментарехь Кадыровс билгалдаьккхина, "бехзказавийла хIума дац" аьлла.
"Вайна массарана а хууш ду, йийсархочун бIаьргийн кIелош ларамза Iаржъеллий, гоне ерзийначу гIишлочуьра араволучу хенахь кагтухучунна тIе нисвелла хилла. Хьаьнцца а хила йиш ерг ду и. Зуда ялаяле дIайоьрзур ю", - яздина мехкан куьйгалхочо.
- Британино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а тоьхначу санкцийн тептаре баьхначарлахь ву полиицн инарла-майор Алаудинов Апти. Иза бехкево, Нохчийчохь ЛГБТ-юкъараллан векалшна тIаьхьаваьлла леларна.
- Луганскан агIонехь жоьпалла Алаудиновна тIехь ду олу Кадыровс.
- Стигалкъекъа-беттан 30-гIа – Украинехь тIом боьду 96-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарша дIалаьцна ю Лиман гIала, Северодонецкехь беш тIемаш бу. "ТIаьхь-тIахьа кхиамаш" бохуш ю Оьрсийчоьнан арми, дуккха а зенаш хиллехь а, дIахьедина Пентагоно.