Украинехь боьдучу тIамехь шайн декхар кхочушдан эскаре бигинчу салташа дакъалоцуш хилар бакъдина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. ТIеман урхалло къаро ярца, украинхойн эскаро йийсаре лецна царех цхьаберш. ЧIагIдо, "эскаран гIуллакх деш хилла, берриг аьлча санна, салтий пачхьалкхан тIерритори тIера дIабигар", яздо Свобода Радионо.
ТIамехь дакъалоцучу декъойн могIарехь салтий хилар "гучудаларх" кхаарин дийнахь дIахьедира министраллин официалан векало, инарла-майора Конашенковс. Хьалхо Оьрсийчоьнан официалан хьаькамаша, президенто Путин Владимира а цхьаьна, чIагIдора, тIемашкахь дакъалоцуш берш, герзашца йолчу структурашца контракт дина говзалла йолу салтий бен бац бохуш.
Пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан Iедалша "леррина тIеман операци" олу, Украинана тIелатар дале хьалха, массо а командирашна дина омра дара "Украинан дозана тIехь муьлхха а Iалашонаш кхочушъярехь ханна эскаран гIуллакх дан баьхкинарш юкъа ма ийзабе" аьлла, и омра кхочушдеш хилар Путине схьахаийтина а дара. Ткъа хIинца, "срочникаш" тIамехь дакъалаьцний хиинчул тIаьхьа, Путина керла омра дина – тIеман Коьртачу прокуроро таллам а бина, шен омра тIехтесначу даржхошна таIзар де аьлла.
Оьрсийчоьнан армино иштта дуьххьара диллина бакъдина, эскарехь дакъалоцуш хилларш йийсаре лацарх Украино. Иштта хаамашна хьалхо комментареш ца йора, йа бакъ ца дора массо а тIегIанашкарчу Iедалхоша. Йийсаре лецначийн терахь хьахийна дац. ЧIагIдо, "лецнарш маьршабахийта, тIейогIучу хенахь кхин уьш тIемашка ца бита а, мел далург деш ду" Iедалхоша, бохуш.
ТIом бола ма-белли салтийн нанойн Комитето хаамбира, украинхойн дозане эскарш чудигале хьалха цига сехьабаьхнера ханна эскарехь гIуллакх дан балийна салтий, царех цхьахболчаьрга бертаза куьйгаш яздойтура контракташна аьлла.
Украинан агIоно видеош яржийна, шаьш йийсаре лецначу салтех яьккхина, цара чIагIдо, шайга хаийтина дацара, баккъалчу тIамехь дакъалоцуьйтур ду аьлла. ТIом берззалц таро яц хаа, шайн лаамехь дина цара и мукIарло, йа бертаза.
Оьрсийн армино хьалха а санна дуьйцуш дац йоьдучу конфликтехь шайн хиллачу эшамех. Таханалера йийсаре вахна маса стаг ву хууш дац аьлла, бина хаам боцург, дахначу кIиранах дуьйцура Украинехь оьрсийн 498 эскархо вийна бохуш. Карарчу хенахь мехала лору кхин зераш дац.
Украинхойн армино дIахьедо, Оьрсийчоьнан агIор 12 эзар сов стаг велла бохуш, маса ву чевнаш йина, йийсаре лаьцна, хоуьйтуш дац. Украинан Чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Геращенко Антона дIахьедира, ши эзар ву йийсаре лаьцнарг аьлла (конфликтан шина а агIонан ламаст ду тIамехь шайн кхиамаш базбар, амма и мах хадор маса бакъ ду дац хаа аьтто бац, кхин дIа а боьдучу тIеман хьелашкахь).