ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн Изюмехь Тургеневн цIе лелочу урамна Дудаев Джовхаран цIе тиллина


Изюм гIала, Украина. 2022-чу шеран лахьан-беттан 25-гIа де
Изюм гIала, Украина. 2022-чу шеран лахьан-беттан 25-гIа де

Украинан Харькован кIоштан Изюм гIалин администрацин топономикан комиссин кхеташонехь 22 ураман цIерш хийцар тIечIагIдина. Масала Тургеневн цIе лелочу урамна Нохчийн республика Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джовхаран цIе тиллина.

Урамийн цIерш хийцарх лаьцна гIадужу-баттахь дийцира Изюман куьйгалхочун гIовсо Мацокин Владимира. Оьрсийн йаздархойн а, эскархойн а цIерш лелош болчу урамашна украинхой историн гIуллакххойн цIерш тохкур хиларх хиина, гетманашна Полуботко Павелна, Мезапа Иванна тIера Евромайданан жигархошна а, мангал-беттан 1-хь Изюмехь веллачу тIеман лаамхочунна Ратушный Романна а тIекхачалц.

Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь Украинан Лаккхарчу радан депутата, "За свободный Кавказ" депутатийн тобанан куьйгалхочо Гончаренко Алексейс дагадаийтира, фракцийн йукъараллин инициативица Киевера Искровская урамна Дудаев Джовхаран цIе тиллира.

"Тахана украинхошна кхечарначул а дика кхета, муьлха халонех чекхбевлла 1990-чу шерашкахь нохчий. ХIетахь Оьрсийчоьно нохчийн къоманна тIехь геноцид лелийнера, тIаккха тахана украинхойн къоманна тIехь лелайо. Цундела тхо кхета нохчаша шайн йозуш цахиларехьа дIахьош болчу къийсамах", - билгалдаьккхина депутата.

Политикана ладаме сигнал йу аьлла Гончаренкос урамашна Ичкерин хьалханчийн цIерш тахкар.

"Нохчийчоь оккупаци йина латта ду аьлла тIелацарца, нохчийн къоманна тIехь геноцид йар йемалдарца а оха Ичкерин маршонах тхо тешар гойту. Тхо теша, нохчийн къомо маршо йоккхур хиларх. Кавказан кхечу къаьмнаша санна", - билгалдаьккхира спикеро.

Дудаев Джовхар (1944 – 1996) – нохчийн пачхьалкхан гIуллакххо, республика Оьрсийчоьнах дIакъастарехьа хиллачу боламан куьйгалхо, ша дIакхайкхийначу Нохчийн республика Ичкерин хьалхара президент. СССР-хь авиацин инарла-майор, Ичкерехь – генералиссимус. Цуьнан цIе лелош долу урамаш тахана Босния Герцоговинехь, Литвахь, Латвихь, Эстонехь, Польшехь, Туркойчохь, Урдунехь ду.

Оьрсийчоь буьззинчу барамехь чугIоьртича Изюм гIала саццанза тохарш деш йерриг аьлча санна йохийра. Цигара бахархой энерги, газ, йовхо йоцуш биссира. Охан-беттан 1-хь дуьйна Изюм оьрсийн эскаро дIалецира, церан куьйгкIелахь лаьттира гIала эха шарахь. Гезгмашин-баттахь ВСУ-н аьтто хилира гIала оккупацих маьршайаккха.

  • "За свободный Кавказ" депутатийн цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь мангал-беттан 20-хь. Цуьнан декъашхой хилира 10 парламентхо, 1едалера а, оппозицера а партешкара бара уьш. Тобанан куьйгалхо хилира депутат Гончаренко Алексей. Хьалхо стигалкъекъа-баттахь чергзийн геноцид а, Ичкерин йозуш цахилар а т1елацар а хьехнера цо.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша дахначу мукъаденошкахь Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG