ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин эскаро кечдина контртӀелатар Кадыровс къобалдина. "Со чIогIа реза ву-кх",- йаздина мехкан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо къобалдина Украинин эскаро ша контрдуьхьало йан кийча ду алар. "Иза массо агIор тхоьгахьа ду-кх " - аьлла цо. Оьрсийчоьнан эскаро ша дIалаьцначу латтанаш тIехь дикка кечамаш бина, уьш кийча ду аьлла, паргIатваьлла, деш ду цо и дIахьедарш. Хьалхо, кху шарахь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсо Евкуров Юнус-Бека, ша Украине вахча, критика йира "ЛНР"-хь болчу кадыровхошна а, сепаратистийн а латтаршна.

Оьрсийчохь долчу "вуно дикачу хьоло" гIо дийр ду украинхойн тIелатар йухадаккха, аьлла хеташ ву Кадыров. Цо дийцарехь, пачхьалкхерчу йукъараллехь барт бу, "хьалха ца хиллачу кепара, кхинболчу мехкийн цкъа а ца хинболу". "Вайн президентан хьежам дуккхачу махкахоша къобалбарца тIеоьцу",- цхьаьллиг цхьа бух боцу дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • Оьрсийчоьнан эскаран куьйгалло дечу дIахьедаршца цадогIу къамелаш Кадыровс дар хьалха а зеделлера СМИ-гIирсашна. Масала, Украинехь тIом болабеллачу хьалхарчу баттахь 26-за шен телеграм-каналехь Мариуполь сихха схьайоккхур йу бехира цо.
  • ТIом болабеллачу муьрехь "Оьрсийчоьнан эскаро Украинин машаречу бахархошна цхьа а новкъарло ца йо" олура Кадыровс. Цул тIаьхьа нийсса цхьа бутт баьлча, луларчу пачхьалкхана зарратан-герзаца кхерамаш тийсса волавелира. Иза цо цкъа аьлла а ца дитира.
  • 2022-чу шеран бIаьста дуьйна схьа "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн - Украинерчу тIамехь цара жигара йаьхна видеош бахьнехь. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхо шен йолахой цу тIаме хьийсочуьра соцуш вац. Уьш йоллу Оьрсийчуьра схьагулбеш бу. Ца леш, дийна бисанчара шаьш "йоккхачу тоьпашна кечдина жижиг" санна дIахьовсийна дара, цIадирзича, лур ду аьлла ахчанаш ца делира шайна, могушалла тайеш гIо а ца дира, бохуш аьрзнаш деш хуьлу.
  • Оьрсийчоьнна дуьхьало йан Киевна гIо дарехь шаьш дIахьочу белхан къайлах гIуллакхаш Iорадахаран хьостанаш лохуш йу Пентагон. И материалаш твитерехь а, телеграмехь а йаржийна бохуш дуьйцу The New York Times - газето. США-н президентан администрацин лаккхарчу хьаькмаша бинчу хаамашна тIетовжарца.
  • Украинин президентан Офисехь болучара къайлахь документаш нахал довлар "фотошоп", " виртуал-харц хаамаш" бу, элира. "Москвана чIогIа лаьа тхан контртIелатарна новкъарло йан. Амма боккъал а оха царна дан леринарг царна тIамехь бен гур дац. Иза кестта хир ду",- йаздира Украинин президентан Офисан куьйгалхочун гIоьнчас Подоляк Михаила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG