ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинаца йийсархой хийцарна критика йина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзана дIахьедина, ша "чIогIа реза вац" ши де хьалха Оьрсийчоьнна а, Украинина юкъахь хиллачу йийсархой хийцарна, и гIуллакх "украинхойн билламашца чекхдаьккхина" аьлла цо иза.

Шен телеграмерчу каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздо, "террорхой лаьрра болу нах эскархошца хийца йиш яц", цо буьйцурш бу йийсархойн хийцар хиллачул тIаьхьа маьршбаьхна болу, Оьрсийчохь террорхойн вовшахтохаралла лоруш йолчу украинхойн "Азов" полкан эскархой. Цо билгалдоккху, "кхетар вара ша, озабезаме доцу хийцар хилча – эскархочунна дуьхьал эскархо, агентана дуьхьал агент а луш".

Амма ша дуьйцург шена хетарг ду боху Кадыровс, тIаккха "лакхахь тIеман министраллехь а, ФСБ-хь а гIолехьа кхета хьолах".

Йийсархой хийцарехь Оьрсийчоьно 215 стаг маьршаваьккхина, царах ах дакъал сов – "Азов" полкан эскархой бу, шайлахь пхиъ буьйранча волуш. Иштта Украинан агIо а лаьцна тIом беш хилла болу, сепаратистийн "ДНР-хь" байъа кхачийна болу кхечу пачхьалкхашкара эскархой а маьршабаьхна. Украино Оьрсийчоьне дIавелла 55 эскархо а, украинхойн "Оппозиционная платформа – За жизнь" оппозицин партин цхьаволу куьйгалхо Медведчук Виктор а – цунах Путинан бажа (оьрс. кум) олу. Пачхьалкхана кIело йарна бехке а вина, лаьцна латтош вара Медведчук Украинехь.

  • Украинерчу тIамехь йийсаре мел кхочуш волчу оьрсийн салтешлахь оьрсийн агIоно дуьххьара хийцабо шайх кадыровхой олурш – уьш бу Нохчийчохь вовшахтоьхначу тIеман тобанашкара рогIера ницкъахой, доккхачу декъанна нохчий. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн хьасташа.
  • Гезгмашин-беттан 22-хь нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада рогIерчу кхеташонехь дийцина, Украинехь йийсаре лаьцна волу кадыровхо хийца гIортарх. Пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутатана Делимханов Адамна а, регионан кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхочунна Алаудинов Аптина а тIедилларш деш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аудио хазийтина Даудовс – украинхойн салтех цхьаъ йийсаре лацар тIедожадо цо царна, тIаьхьо иза хийца Iалашонца.
  • Украинхойн парамедик Паевская Юлия ("Тайра" цIарца евзаш ю) маьршаяьккхира мангал-баттахь. "Первый каналан" журналисто Куксенкова Иринас хаамбира, иза аннекси йинчу ГIирмерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIовсан Саидов Мурадан кIантаца, 20 шо долчу Украинан вахархочуьнца Саидов Адамца (Гриценко) хийцарх лаьцна. Иза харцдо Саидов Мурада, Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада а, иштта украинхойн блогеро, "Ищи своих" телеграмерчу каналан авторо Золкин Владимира. Охан-баттахь Саидов Адама бохура, кадыровхошкара кхерам лаьтта шегахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG