ТIекхочийла долу линкаш

17-шо хаьлха Улус-Кертана уллехь хиллачух лаьцна яздира шен «Сан тIом» цIе йолчу книгехь цу хенахь Нохчийчохь тIом бечу Оьрсийчоьнан эскарийн буьйранча хиллачу Трошев Геннадис 2001-чу шарахь. Кху материалехь шена цигахь гинарг дагалоьцу цу хенахь 17-шо хиллачу нохчийн тIемалочо.

«2000-чу шарахь Чиллан-беттан тIаьхьарчу дийнахь Улус-Кертана гена доцуш тIом тIеийцира 20-зза алсам болчу мостагIашца 76-чу Псковерчу тIеман хIаваан эскарийн 6-чу парашютийн десантан ротано. Виъ десантхо бен дийна ца висира и кIиза тIом дIабирзича.

Цаьргара хиира тхуна муха турпалалла гойтуш тIом а бира, кхалха а кхелхира церан 84 тIеман накъост. Уьш туьйлира, ткъа банда – цхьа эзар гергга «цамза» - сацйира, хIаллакйира, дIасалаьллира».

Иштта яздира 17-шо хаьлха Улус-Кертана уллехь хиллачух лаьцна шен «Сан тIом» цIе йолчу книгехь цу хенахь Нохчийчохь тIом бечу Оьрсийчоьнан эскарийн буьйранча хиллачу Трошев Геннадис 2001-чу шарахь.

Оьрсийчоь -- Трошев Геннадий. Гезг. 2002
Оьрсийчоь -- Трошев Геннадий. Гезг. 2002

Цул тIаьхьа дIадаханчу шерашкахь Псковерчу десантхойх а, церан турпалаллах а лаьцна дукха яздина Оьрсийчурча зорбанан гIирсаша. Дуккха а мифаш кхоьллина яздархоша а, пропагандахоша а Оьрсийчоьнан эскархойн тIеман картанашна тIехь 776,0 аьлла билгалъяьккхинчу Улус-Кертана уллехь йолчу лакхенехь хиллачу тIемасадаларх лаьцна.

Тахана Псковера десантхойн цIе лолош бу Соьлж-ГIалара урам. Шуьйтан кIоштахь уьш байинчу меттехь хIоттош ю жаIар.

Батаев Зелимханан (цIе хийцина ю) 17 шо хилла Нохчийчохь шолагIа тIом болабелча. Улус-Кертана уллехула чекхбевллачу нохчийн тIемалошна юкъахь хилла ву иза. Шена гина сурт иштта дагалоьцу цо.

Батаев: "Тхо Шуьйтара арадовлуш дара. Тхуна (могIарера тIемалошна) хуьлург хIун ду ца хаьара, чура арадовлуш ду алар доцург. Цхьа ши де а делира, кхо де а делира. Кхача бацара. ЧIогIа ледара дара хьал. ХIиттина дара тхо, цхьана хи чухула дийлина... ирча хьал дара-кх цигахь дерг, мацалло бIарлагIанаш хIиттош...

Сайна гинарг дуьйцу ас. Цхьанха севцира тхо. Цара миномет чуетта йолийра. Тхуна юкъахь, дегIан меженаш а йохуш, дуккха а лазбар нисделира. Уьш текхош а, меца хиларна а чIогIа хIиттина дара тхо.

Нохчийчоь -- Нохчийн тIемалошна тохарш деш ду Оьрсийчоьнан тIеман беркема.
Нохчийчоь -- Нохчийн тIемалошна тохарш деш ду Оьрсийчоьнан тIеман беркема.

ТIом а ца беш чекхдовла аьтто бацара шун? Илла-билла а цу меттигехула дIадаха дезаш хьал хIоьттинера шун аьлла, шега хаьттича Батаевс иштта элира.

Батаев: Суна и меттигаш цхьана а кепара евзаш яцара. Сайн дахарехь цу агIор хилла вацара со. Соьгахь раци яра. Суна дагадогIу, Басаев Шемил вара оцу операцин куьйгалхо. Омраш дIалуш хьалхаваьлларг Хаттаб вара. Адам дукха дара цигахь хиина Iаш. Кхин некъ болчух тера ца хийтира суна иза боцург.

Нохчийчоь, 2000 шо.
Нохчийчоь, 2000 шо.

Цигахь гIазакхий бу хевшина Iаш аьлла веара... (командир) Турпал варий-те моьттуш ву со иза. Цуьнан цIе дагацайогIу суна хIинца. ТIелата шен лаамехь тIемалой безара, мила реза хир вара-те аьлла, волавелира иза тухана уллехула. Цунна гуш дара тIемалой хIиттина а, лазийна а хилар. Масех вахара цига (тхох), дехьара тобанашна юкъара а бахара. Цигахь 100 кхочуш стаг а вацара.

Ткъа тIеман сурт муха дара?

Батаев: «Салташа лакхара чуетташ яра. Iаржйелла хан яра иза. Амма дукхахберш царах шайчара тIейиттина байина аьлла хеташ ву-кх со. ХIунда аьлча, яккхийн тоьпаш даима а етташ яра. Цара шаьш шайна тIетоха аьллера бохуш хезира суна тIаьхьо. Со цунах ца теша. ХIунда аьлча, хIоранна а шен са деза».

Улус-Кертана гергахь хилларг цхьа ша-тайпа тIом бара аьлла хетий хьуна?

Батаев: «Суна иза цхьа ша-тайпана хIума дара аьлла ца хийтира. ХIинца оьрсаша ма-диццара, цигахь цхьа десант ю аьллехь-м дагчу кхерам тесна хилла хила а мегара суна».

Оьрсийчоьнан федералан ницкъийн буьйранчалло чIагIдарехь, нохчийн тIемалошна юкъахь Улус-Кертана уллехь хиллачу тIематадаларехь дараш дара 400-500 стаг. Шаьш тIемалоша чIагдора шайна юкъахь вийна ткъех стаг вара бохуш.

2000-чу шеран Iа чекхдолуш 776,0 лакхенехула чекхбевллачу нохчийн тIемалойх маса стаг дийна висина хууш дац. Царна хьалха ваьлла хилла Хаттаб вийна аьлла дIакхайкхийра ФСБ- векалша 2002-чу шарахь Оханан-беттан 25-чу дийнахь. Басаев Шемил вийра 2006-чу шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG