ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак махка яр туьду министро Умаровс: "кхайкхаза хьаша гIезалочул а оьшу"


Умаров Джамбулат
Умаров Джамбулат
IDEL.Реалии

Нохчийчоьнан къаьмнийн политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан а, информацин а министр волчу Умаров Джамбулата "Эхо Москвы" радиочухула хазийна даьржина лела алар: "кхайкхаза хьаша гIезалочул а оьшу".

Республикехь оьздангалла чIагIъян тIевиллина волчу хьаькамо иштта туьду Соьлж-ГIала дIадахначу кIирандийнахь Оьрсийчоьнан президентан дарже кандидат йолу Собчак Ксения яр.

Дечкен-беттан 28-чу дийнахь цхьалха пикет дIаяьхьира Собчака Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь. Хьалхо лаьцна волу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Аюб Iедале мукъаваккха аьлла хIоттийнера цо шен акци.

Пикет а ерзийна, гIали юккъехула йолалучу зудчунна тIе а бевдда, цуьнга эвхьаза маьхьарий бетта буьйлабелира кегийрхой.

Министро Умаров Джамбулата ша къобал ца до цхьаммо кхин бехвар, элира. Амма оцу юккъехула эфирехь хазийтира шегара дуккха а наха маьттаза лору алар.

Хууш ду, Нохчийчоьнан а, ГIезалойчоьнан а куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Минниханов Рустам а вовшашца гергарло лелош вуйла.

Миннихановс ГIезалойчохь боьлхучу рогIерчу президентан харжамашкахь толам баккхарца Кадыров Рамзана, иза декъал а веш, элира цуьнга "сан хьоме воккхахволу ваша".

Хьалхо ТНТ телеканална гонах дов даьржира, цигахь гIалгIайн зудчун хьокъехь аьхза бегаш барна. Телеканалан шена къинтIера баха дийзира гIалгIай: куьйгалло дерриг а къоманна хьалха дийхира шена бехк цабиллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG