ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Университеташкахь керла "тIеман дешаран центраш" хир ю Нохчийчохь а, Астраханан кIоштахь а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан 16 регионехь, иштта Астраханан кIоштахь а, Нохчийчохь а, пачхьалкхан лакхарчу доьшийлашкахь кхуллур йолуш ю керла тIеман дешаран центраш. Оцу кепарчу омрана куьгйаздина Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила, хаамбина Свобода Радионо.

Керла тIеман дешаран центраш кхуллур ю дешаран а, Iилманан а министралло а, юьртбахаман министралло а (цхьайолу доьшийлаш аграран ю).

Хьалхо оцу тайпа центраш кхоьллиннера 94 лакхарчу доьшийлехь. Цигахь тIеман кафедраш йехкинера, доьшуш бара цигахь, запасан эпсарш хилла, дешна бевллачул тIаьхьа эскаре гIуллакх дан баха цалуу студенташ.

Лелачу низамашца, оцу кепарчу дешаран центрашкахь кIорггера Iилма карадерзийна, дешна ваьллачул тIаьхьа контрактехуоа офицеран дарже эскаран гIуллакх дан ваха тарло. Йа, хьалха а санна, юьхьанца тIеман хаарш Iамийна, запасан эпсар йа салти хила таро ю.

Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун гIовса Кириенко Сергейс а, Генарчу Малхбалера федералан гонийн пачхьалкхан урхалхочун векало Трутнев Юрийс а дехар динера Путин Владимире, Украине бохуьйту йолахой кечбен Нохчийчуьра "спецназан университет" санна регионашкахь тIеман Iаморашна центраш вовшахтохийта аьлла.

  • Шен дозана тIехь Росгвардин а, ОМОН-н а эскархой Iамош боллушехь, "Оьрсийчоьнан спецназан университет" цхьана а ницкъаллин урхаллина юкъайогIуш йац. Кехаташца иза коммерцица йоьзна йоцу автономин организаци ю - спортан-кхийсархойн "РУС" клуб.
  • Iалашонашна доьхкинчу ахчанах хIоттийначу кехаташ тIехь 2021-чу шарахь "спецназан университетана" кхаьчна 54 миллион сом ахча, кхин а 8,4 миллион соьмана пайда а хилла совдегаралла лелорна. Документаш тIехь билгалдаьккхина, "РУС" клубо йохка-эцарш лелийна, хьашташ латтийна, иштта Оьрсийчоьнан коммерцица йоьзна йоцчу организацешкара Iалашонна хьажийна ахчанаш кхаьчна аьлла.
  • Нохчийчуьра хIора кIиранах бохург санна хаамаш кхочу, керла лаамхойн тоба Украине новкъайаьлла олий. Оцу некъашца билггал маса стаг тIамтIе вахийтина, хууш дац. Кадыровс дIахьедора, махкахь хIора кIиранах 200 гергга "лаамхо" ву кечвеш, бохуш.
  • "ТIеман-патриотикан" берийн каппаш хIиттон коьрта Оьрсийчоьнан центр хилла Нохчийчоьнах. Цигахь кхиазхошна дуьйцу Оьрсийчоьнан эскархоша Украинехь гойтучу "турпалаллех", Iамабо герз карахь латтон а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG