ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал Дуьненаюкъарчу кхеле дов чуделла Украино


Арахьарчу политикан урхаллаца Донбассерчу тIеман конфликтах лаьцна дIасакхехьийтина кехаташ Дуьненаюкъарчу Гаагерчу кхеле дIадала сацам бу Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллин. Украинан Дуьненаюкъарчу кхелан векалан хаам юьхьар а эцна, Iамеркан юристо Зионц Давида аьлла и бохуш, яздо "Европан бакъдерг" газето.

Зионца бахарехь, шайлахь дина йозанаш кхеле кхачо Iалашо хилла, Оьрсийчоьно Украинас цхьа а билггал претензи ца йира, Кремло Донбассехь а, аннекси йинчу ГIирмехь а лелочух аьлла дина дIахьедар бахьанехь.

Украинан Оьрсийчоьнна дуьхьал елла иск къастош ю Гааган кхел. Кремл жоьпе озор доьху Киево, ши конвенци цо йохорна: терроризмана ахча латторца бечу къийсамехь а, расийн дискриминаци дIаяккхарехь а.

Дечкен-баттахь чуелла иск листа йолийна оршотдийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG