ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

4 шаранна чувоьллина Шема ахча хьажийна Соьлж-ГIалара вахархо


Колонехь дакхха диъ шо хан а тоьхна, чувоьллина Соьлж-ГIалара вахархо Саралиев Анзор. Къилбаседа-Кавказерчу тIеман гонан кхело бехке вина иза террорхошна ахча даларна.

Талламхоша чIагIдарехь, Германехь вехаш волчу Саралиевс 1000 евро дахьийтина хилла «Исламан пачхьакх» олучу терроран тобан декъашхочунна.ТIаьхьо, Соьлж-ГIалахь а волуш, Саралиевс дехар дина шен накъосте Шемарчу тIеман тобанна 3000 евро дахьийта аьлла.

2016-чу шарахь Гезгмаши-беттан 12-чу дийнахь "Приора" машентIехь баьхкинчу ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна шен Германехь веха, Нохчийчу хьажа-хIотта веана кIант Саралиев Анзор аьлла, гIо дехнера «Мемориале» кIентан нанас Абдурзакова Санета.

Кеп-кепарчу чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматашка хаамаш бинера Абдурзаковас, амма иза мичахь ву ца хууш еххачу хенахь лийлира нана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG