ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тутмакхо кхелехула ларйина ненан мотт бийца шен йолу бакъо


Оьрсийчоьнан федералан тIазарш кхочушдечу сервисера суьдехула 2 эзар сом даьккхина чувоьллина латточу Ражаев Мансура, Хабаровскан махкарчу "Снежинка" колонин администрацино видеозIенехула адвокаташца а, кхелашца а сеансаш дIахьуш шена нохчийн мотт бийца дехкар бахьана долуш.

Кхелан сацам зорбане баьккхина Хабаровскан мехкан Амурск гIалин кхелан сайта тIехь, цигахь аьлла ду кхелан сацамна латкъа бина бу аьлла, хаам бо РИА "Новости".

Ражаев хан токхуш ву "тIеман гIаттам" а, "низамашлардон органийн белхахохо вен гIортар" а аьллачу артиклашкахула. Цуьнца цхьаьна Нохчийчуьрчу кхелашкахь луьстуш ду иза декъашхо волу иттаннаш криминалан а, административан а, гражданийн а гIуллакхаш. Уьш дерш луьстуш ду, видеоконференцин зIенах пайда а оьцуш.

"ВКС (видеоконференцин зIенехула) кхелийн кхеташонаш дIахьуш ФКУ ИК-6 администрацино доьхкуш а, новкъарло еш а хилла къамел дан лехамхочун шен ненан мотт болчу нохчийн маттахь, бакъо а йолуш конфидициалан контакташ йолуш суьдехь гIо лоцучаьрца, адвокаташца а, адвокатийн векалшца а, ткъа иштта кхелашкарчу белхахошца т(секретарьца а, суьдхочун гIоьнчица а), суьдхошца а. Хууш а доцуш, суьдо елла бакъо а йоцуш, оцу учрежденино дIаяздеш а хилла, хIинца а дIаяздеш а ду стационаран а, мобилан а видеорегистраторшна тIе видеоконференцин рожехь цо дакъалоцуш дIахьуш йолчу кхелан кхеташонашкахь дуьйцург, ткъа лехамхо вуно дуьхьал хиллехь а, ладоьгIуш а хилла, дIаяздеш а хилла цо дуьйцург", - далош ду кхеламан сацаман текстехь искан авторан дIахьедар.

Ражаевс хаам бина, ша "вуно чIогIа физикан а, дана Iаткъам баран а бала хьоьгуш вара, деган лазам а сингаттам лайра ша" аьлла, цо дехар дина Iедалера 500 эзар сом компенсаци ло шена аьлла, шена моралан зен дарна. Делахь а, кхел тIетайна цуьнан лехамна цхьана декъанна.

  • Хьалхо гочдархо валаве шена аьлла, дехар динера кхеле, дуккха а адамаш дайарна а, зуламхойн тоба кхолларна а бехке вечу Джако цIарца вевзаш волчу Гагиев Аслана.
  • Кхушара Iай Дагестанан Лаккхарчу кхело юхабаьккхира низамца йоцучу тIеман тобанехь дакъалаьцна аьлла, Кумторкали кIоштарчу вахархочунна 8 шо колонехь дакхха хан тоха суьдо бина сацам. И гIуллакх юхаталла дIахьажийна хьалхарчу инстанцин кхеле. Кхелан процессехь дакъалоцуш вара гочдархо.

Коьрта теманаш

XS
SM
MD
LG